Юсупов Ибрах1иман «1уьйренан олхазар» ц1е йолу киншка арахецна НР-н йаздархойн Союзо


Вайн дахарехь нислуш х1ума ду цхьана доьзалера масех лор, хьехархо, даьхнилелорхо, латталелорхо, махлелоран белхахо, пачхьалкхан г1уллакхо йа кхечу говзаллин дийнна династеш йовлар. Амма наггахь а хуьлуш х1ума дац цхьана доьзалера 3 поэт валар. Оцу декъехь дикчу аг1ор билгалйаьлла Веданан к1оштара Хоттане ц1е йолу жима йурт. Хоттунхочун Юсупов Мовсуран (Дала гечдойла цунна) доьзалера 3 поэт ваьлла: 1илман, Ибрах1им (Дала гечдойла цунна), Илес. Воккхаха волу 1илман — Швецехь вехаш ву. Нохчийчохь вевзина ца 1аш Европехь, Канадехь, Россин Федерацехь, Гуьржийн махкахь, Къилбседа-Кавказан республикашкахь ц1ейаххана поэт ву иза. Шайн маттахь байташ йазъян шведаш 1амош ву оцу пачхьалкхин йаздархойн Союзехь болх беш волу нохчо Юсупов 1илман. Оцу бакъдолчух х1оразза а дозаллица дуьйцу аса сайн накъосташна.

Поэта Юсупов 1илмана х1инцале арахецна 15 киншка — гуьржийн, ингалсан, оьрсийн, шведийн меттанашкахь. Зорбатоха кечйина кхин а масех киншка а йу цуьнан. Царех 2 гулар арахецна НР-н йаздархойн Союзо. Цуьнан коьрте Ельсаев 1аламахьад х1отталц хилла дац и саннарг. Иза боккъалла а мехала г1улч йу нохчийн къоман литература кхиорехьа, дуьне мадду даьржина долчу вайн къоман барт ч1аг1барехьа йаьккхина йолу. Вайн махкахь болчех санна дозанал арахьа болчу йаздархойх а шен доглазар, ницкъ кхочучу барамехь ша церан аьтто бийр болш хилар гайтина 1аламахьада 1. Юсуповн поэзин гуларш зорбане йахарца.

1илманал жима вара Юсупов Ибрах1им. Шен 23 шо долш кхелхина иза. Цуьнан байташ ешча гучудолу вайна Ибрах1им мел пох1ма долш поэт хилла, тахханалц и ваьхна хиллехь мел йоккха хазна йиллина хир йара цо нохчийн литература кхиорна йукъа, мел башха поэзин жовх1арш дитина хир дара цо шел т1аьхьа буьсучарна. Амма Делан кхиэл йу лелларг. Цуьнан лаамза цхьа а х1ума хила йиш йац х1окху маьлхан дуьненахь.

Поэтан Юсупов Ибрах1иман хеназа хаьддачу дахарх цхьа к1еззиг ала лаьа суна. Иза дуьнент1е ваьлла 1958-чу шеран 10-чу ноябрехь Казахстанехь, бохийна цига дIабигна хиллачу нохчийн доьзалехь. 1960-чу шеран гурахь шен дас-нанас, шайн кхечу берашца цхьаьна, Нохчийчу схьавалийна иза.

Байташ йазйан волавелла шен 14 шо долуш.

1977-чу шеран июнехь тIехдика хаарш гайтарца цо чекхйаьккхина Веданан кIоштарчу Хоттане йуьртара йуккъера ишкол. Оццу шеран августехь Веданан кIоштан «Колхозан дахар» цIе йолчу газете литсотрудникан даржехь балха хIоьттина.

1978 шеран бIаьста советийн эскарехь гIуллакхдан кхайкхина. Шина шарахь эскархочун декхарш кхочушдина Сахалин гIайренерчу цхьана тIеман декъехь.

1980 шеран бIаьста эскарера Нохчийчу цIа а вирзина, лакхарчу литсотрудникан даржехь йуха а «Колхозан дахар» газетехь болх бан волавелла.

1982 шеран май баттахь Москварчу М. Горькийн цIарахчу Литературин институтан кхоллараллин конкурсах кхиамца чекх а ваьлла, августехь цигахь тIеэцаран экзаменаш дIайала ваха везаш вара. Амма 1982-чу шеран 27-чу июлехь Казахстане ваханчохь цIеххьана хиллачу бохамо дIадаьхьира ИбрахIиман дахар.

Дийна волуш а, кхелхинчул тIаьхьа а ИбрахIиман байташ зорбане йийлина Нохчийчуьрчу республикин а, кIоштийн а газеташна тIехь а, йукъарчу гуларшна тIехь а, иштта шен шина авторски киншкашна тIехь а.

2024-чу шеран 5-чу декабрехь Нохчийчохь зорбане йаьлла ИбрахIиман «Iуьйренан олхазар» ц1е йолу кхозлагIа байтийн киншка.

Иза арайалар муха нисделла хьахо лаьа суна. 2024-чу шеран кхолламан (январь) беттан чаккхенехь дара иза. Хоттане йуьртахь Юсупов 1илманан ваша Исмаил д1аваьлла тезет ду аьлла тилпонан з1енехула хаам бира соьга вевзаш волчу поэта Саиев 1умара. Цо иштта хаам бина хиллера йаздархойн Союзан правленин коьртехь волчу Ельсаев 1аламахьаде а. Сихха вовшах а кхетта оцу ламанца 1уьллучу йуьрта тезета дахара тхо: х1окху мог1анийн автор, Ельсаев 1аламахьад, Саиев 1умар, йаздархо Нунуев Сайд-Хьамзат а. Кхелхинчун верасашка кадам а бина, Юсуповг1еран поэтийн башхачу доьзалх лаьцна хастаме дешнаш а аьлла Ельсаев 1аламахьада хоттунхошна довзийтира шен ниъйат.

— Юсуповг1еран доьзалера пох1ме поэташ бевлла, — элира 1аламахьада. — Швецехь вехаш волчу Юсупов 1илманан байтийн гуларш 2022-чу а, 2024-чу а шерашкахь арахецна НР-н йаздархойн Союзо. Сан г1оьнчас Хаяури Ингас масех бутт хьалха йовзийтира суна шен 23 шо долш хеназа д1акхелхинчу Юсупов Ибрах1иман байташ. Уьш йешча аса ниъйат дира Аллах1ан пурбанца уьш зорбане йаха. И сайн дог-ойла шуна д1айовзийта лаьа суна, лараме хоттунхой, Дала мукъ лахь Ибрах1иман байтийн гулар а арахоьцур йу вай х1ара шо чекхдалале, — элира 1. Ельсаевс.

Ша дагалаьцнарг цо кхочуш а дира. 2024-чу шеран г1ура (декабрь) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-г1алахь «Грозненский рабочий» ц1е йолчу ИПК-хь арайаьлла Юсупов Ибрах1иман «1уьйренан олхазар» ц1е йолу киншка. Цу хьокъехь НР-н йаздархойн Союзан сайта т1ехь иштта хаам бира йаздархойн Союзан правленин куьйгалхочо 1. Ельсаевс: «Хазахетарца хоуьйту ас: вайн литературехь кхин а цхьа кхиам бу, вайн махкахошка кхин а цхьа кхаъ бу.  Юсупов ИбрахIиман (Дала гечдойла цунна), «Iуьйренан олхазар» аьлла киншка арайаьлла.  Хаза а йу, чулацам кIорггера болуш а йу иза.

ЮсуповгIеран доьзалера кхоъ поэт ваьлла. Iилман Юсупов тахана Швецехь йаздархойн  Союзехь болх а беш, шведашна церан маттахь байташ йазйан Iамош,  дуьненна а вевзаш, массех маттахь шен белхаш ара а дийлина поэт ву. Важа ваша, Илес, тахана шен йуьртахь Хоттанехь нохчийн мотт хьоьхуш хьехархо ву.

Ткъа ИбрахIим, хIинцачул шовзткъе шиъ шо хьалха, шен 23 шо хан йолш, 1982 шарахь дуьненчуьра дIавахана ву. 23 шо хан йолуш хилла волу иза вайна хIинца бер хета, амма цо оцу хенахь йазйина хиллачу байтийн кIорге гича хаьа иза хIокху хене ваьлла хиллехь, цуьнах мел воккха поэт хилла хир вара. ХIорш ишта а йу чулацаме байташ.

Иштта, х1ара байташ мел маьIне йу а, мел чулацаме йу а хууш, сан гIоьнчас Хаяури Ингас, кхоам бар-кха цу байтийн йан, аьлла, хьахийча бен, суна хиъна а дацара хIара белхаш буй. ТIаккха, ас элира, Дала мукъ лахь, вай уьш схьа а гулйийр йу, вайн къомана уьш йуха а йерзор йу, тIаьхьалонна йуьтур а йу, аьлла, Юсупов Iилмана а, Юнусов Хьамзата а, оха дакъа а лоцуш, хIара киншка вовшахтоьхна. Киншкина дешхьалхе Ахмадов Мусас йазйина. ТIаккха цуьнах хаьа вайна, и дешхьалхе цо йазйеш хилча, цо Ибрах1иман байтийн мел лакхара мах хадош хилла. ХIетахь нохчийн къоначу поэташца цхьаьна «Пхьармате» (къона поэташ цхьаьнакхеттачу тобанан ц1е йара иза) лела волавелла а хилла иза, ша жима воллушехь. «Оцу киншки йукъайаханчу байтех цхьайерш йовзийта лаьа суна книгашйешархошна. «Нана-аьрзу» аьлла йу х1ара:

 

Iажаркх-буц тIунйелча суьйренан тхишлахь,

Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.

ХIай Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,

Хьайн кIорни йайъи ахь, суна хьох къахета.

 

Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,

Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.

Хьан доьхна дог Iийжош, тIехйуьйлу кIорнеш,

Ткъа хьайниг цаьрца йац — хьо йиси цхьалха.

 

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,

Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.

Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:

«ХIай Нана, со ва-й и-м хьан вайна кIант!».

 

Юсупов Ибрах1има цу хенахь (1982 шарахь дуьненчуьра дIавахана иза, Советийн Iедал долу хан йу и), ша кхалхале йазйина «Запретная мечеть» аьлла оьрсийн маттахь байт йу хIара:

 

Когда я в сердце возводил мечеть,

Вы стены клуба каменные клали,

Я позволял огню в душе гореть —

Вы мерзлотой сердца свои сковали.

Религия упрёком мне была,

И стала для меня основ основой —

Вы мелочные славили дела

В противовес божественному слову.

 

Молитвы не услышал я от вас —

Вы лишь четверостишия шептали,

И в час, когда я совершал намаз,

Вы физзарядкой чресла разминали.

На том пути, что к истине ведёт,

Вы потерялись, не увидев брода,

Презрев заветы древнего народа,

Что мост построил над пучиной вод.

 

К чему кричать «позор» нечистым, вам,

Ведь смысла не придать пустым словам.

Вам кажется, что я отстал от жизни.

И вы мне говорите с укоризной:

«Оставь средневековый этот хлам!».

Опять, опять невежеству неймётся!

Но вам не опорочить мой ислам,

Что освещает душу, словно солнце.

 

И вот я мотыльком лечу на свет

Религии, что источает свет.

Невежество воинствует и злится,

От злобы перекошенные лица

Кричат мне вслед, что темен я и глуп,

Идя толпою в свой безбожный клуб…

Но скоро загудят ветра свободы,

Взойдёт звезда гонимого народа.

И рабству ваших скованных сердец

Придёт, придёт логический конец.

Заслон ветрам, грядущим не поставить,

В темницу солнце вам не запереть.

А я покамест буду тихо славить

Людей, спешащих каждый день в мечеть…

 

ХIокху мог1анаша поэт хилла ца Iаш, къонах гойту, нохчийн къонах, бусулба стаг. Дала тIаьхье беркате йойла! Вайна хIоранна а Юсупов Ибрах1им санна волчу стеган байт, вай дуккха а деши гулдеш хилча, кхин цхьа дашуо гIорза карийча муха хир дара, оццул мехала ду-кха вайна Юсупов Ибрах1иман байтийн гулар зорбане йалар! Дала тIаьхье беркате йойла! — оцу дешнашца чекхболуш бу 1. Ельсаевн йаздархойн сайта т1ехь болу хаам.

 

БАРЗАНУКАЕВ Ахьмад