Соьлжа-ГIалахь йеш йолу Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цIарах йолу керла кIошт Нохчийн Республикин пачхьенан туризман маршруташна йукъайахийта билгалдеш ду


Соьлжа-ГIалахь йеш йолу Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цIарах йолу керла кIошт Нохчийн Республикин пачхьенан туризман маршруташна йукъайахийта билгалдеш ду. Оцу хьокъехь хаам бина гIалин мэрехь.

«ГIалин пхоьалгIа кIошт вайн пачхьенан уггаре а тоьллачех цхьаъ йолу хIусамийн а, йукъараллин-гIуллакхаллин а туш хилла дIахIуттур йу. Билгалдеш ду цигахь хIокху заманан хIусамийн каппаш, паркаш, культурин объекташ, дешаран хьукматаш, социальни объекташ йар, иштта маьждигаш дар. Архитектура къоман ламасташ а, хIокху заманан гIишлошйаран куьцаш а хьесапе а оьцуш хир йу», – дийцира мэрехь.

Цигарчу хаамийн хьостано дагадаийтина ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь гIуллакх деш 38 туризман маршрут йу. Цара хьешашна йовзуьйту гIалин истори, культура, исбаьхьа меттигаш. Экскурсин хьашташ кхочушдарна кхачойо аккредитаци йинчу 92 гида-талмажхочо.
ДIадаханчу шеран жамIашца Соьлжа-ГIалахь 419 эзар турист хилира. Цо тоьшалла до вайн регионе долу хьашт алсамдолуш хиларна.

«Керла кIошт экскурсийн программина йукъайалоро аьтто бийр бу гIалин туризман инфраструктура кхидIа а кхиорна», – билгалдаьккхира мэрехь.