Схьаоьцуш бу «Кавказан Аз — 2025» радиофестивале белхаш


Оханан беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьаоьцуш бу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу Йерригроссин «Кавказан аз — 2025» XIlӀ-чу радиофестивале белхаш.

3 декъехь схьаоьцуш бу уьш:
➡️ХӀорадийнан хаамийн выпуск;
➡️Тематикин программа;
➡️Ӏуьйренан шоу.

Заявкаш мангалан (июль) 1-ра де кхаччалц схьаоьцур йу хӀокху адресца: festival-rv@mail.ru.

Дакъалацархочун заявка/анкета а, къовсамах лаьцнарг а golos-kavkaza.ru сайта тӀера «Документы» агӀонехь карор ду.

Фестивалан толамхошна совгӀаташ далар дlахьур ду товбецан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь.