Спортан латаран республикин туш дуьненахь а вевзаш волчу спортсменан, олимпиадин кхузза чемпион ваьллачу Сайтиев Бувайсаран цӀарах хир йу.
Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Кадыров Ахьмада.
«Вай йуха а дагалоцу АллахӀан лаамца бакъдуьнена вирзина волу кхузаманан тоьллачу латархойх цхьаъ волу вайн махкахо, Ваша Сайтиев Бувайсар. Тахана цуьнан 50 шо кхочур дара. Цуьнца доьзна хаам бо, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца Соьлжа-ГӀалахь йина а, кеста схьайоьллур а йолу Спортан латаран республикин туш Сайтиев Бувайсаран цӀарах хир йу», — аьлла Кадыров Ахьмада.