Россин Федерации субъекташна йукъахь лакхарчу 1едалехь болчу наха а, 1едалан органаша а болх баран рейтингехь 1-чу меттигехь йу Нохчийчоь


2024-чу шеран жамӀашца Россин Федерацин субъекташна йукъахь лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, Ӏедалан органаша а болх баран рейтингехь хьалхара йу Нохчийн Республика. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

И рейтинг хӀоттош йу Россин Федерацин Президентан Указан 21 тӀедиллар кхочушдаран гайтамашца.

«Регионо баккхий кхиамаш баьхна социальни-экономика кхиарехь. Къаьсттина, планал сов гӀуллакхаш дина бахархойн хӀусамийн хьелаш тодарехь (358,6%) а, керла гӀишлошйарехь (312%) а, инвестицеш йукъайалорехь (209,8%) а», – аьлла Кадыров Рамзана.

Иштта, кхечу дакъошкахь а баьхна кхиамаш: бахархошна тӀедогӀу ахча алсамдалар, дешар кхиар, гӀалара хьал тодалар, кегийрхойн дӀадолорашна гӀо дар.

Муьлххачу а дӀадолорехь гӀо дарна Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна а, бахархойн Ӏер-дахаран хьелаш тодарехь къахьегарна Нохчийчоьнан Правительствона а, Нохчийчоьнан Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацина а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командина а даггара баркалла элира Кадыров Рамзана.