Нохчийн Республикехь чекхбаьлла «Турпалхо – Герои 95» регионан кадрийн проектан шолгIа мур


Талламаш баран жамIашца проектехь дакъалоцуш хиллачу 466 стагах берриге а талламех а, тестированех а кхиамца чекхваьлла 160 стаг. Уьш кечамаш беш бу къасторан кхоалгIачу муьрана.

Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь асаран беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь хIоранца шец-шеца собеседовани дIахьур йу. Тестированих кхиамца чекхбевлла дакъалацархой цхьаьнакхетар бу эксперташца а, кадрин проектан векалшца а. Корматаллин хаарш, говзалла гайтина ца Iаш, церан гайта дезар ду стратегин ойла йан, хьесап дан хаар, хьекъала сацамаш тIеэца хаар, адамашца эвсаре цхьаьна гIуллакхдан хаар.

Собеседованих кхиамца чекхваларо некъ схьабоьллу проектан рогIерчу муьрана – очни мероприятешна. Цигахь дакъалацархошна конкурсан керла декхарш тIедохкур ду, иштта кхитIе а таронаш схьайоьллур йу корматаллехь кхиарна.

Къоначарна, йахь йолчарна чIогIа мехала а, оьшуш а проект йу «Турпалхо – Герои 95». Цигахь шен ницкъаш, таронаш, хаарш зер сийлалла йу. Цо Iамор ву шен халкъана а, махкана а пайдехь хила.