Нохчийн Республикехь 1504 маьжниг ду


Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тӀаьххьарчу 25 шарахь Нохчийн Республико баьхна кхиамаш билгал бохуш динан декъехь бина болх а бовзийтина.

«Ткъа шо сов йолчу хенахь 1203 маьждиг дина. Тахана республикехь болх беш 1504 маьждиг а, 416 хьуьжар а, хьафизийн 9 школа а, 130 зерат а, 9 килс а йу. Цара йоккха меттиг дӀалоцу тӀекхуьу тӀаьхье а, йукъаралла а кхетош-кхиорехь», – йаздина Кадыров Рамзана.