Нохчийн Республикин Итон-Кхаьллан кӀоштахь 10 мегаватт ницкъ болу йоккха гидроэлектростанци схьайиллина. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь.
ГЭС-н болх дӀаболорехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада а, Нохчийчоьнан Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа а, «РусГидро» ПАО-н генеральни директоран заместительша Карпухин Николайс а, Кондратьев Сергейс а, кхечара а.
Керла объект Орга хи тӀехь йина йу. И проект меттигера шатайпа хьал а, гонахара Ӏалам а тидаме а оьцуш кхочушйина йу.
Кадыров Рамзана билгалдаькхира, керла ГЭС йар лаьмнийн кӀоштарчу бахархошна чӀогӀа мехала хилар. И станци бахьана долуш ток кхачам боллуш хир йу оцу кӀошташкахь.
Оцу мехалчу хиламехь «РусГидро» ПАО-н генеральни директоран заместительна Карпухин Николайна Кадыровн орденца совгӀат дина. Иштта, РусГидро белхахошна а, ГЭС йарехь къахьегначу компанийн векалшна а дира федеральни а, республикин а тӀегӀанан совгӀаташ. РусГидрон куьйгалло Кадыров Рамзанна компанин лакхара совгӀат – «Гидроэнергетика кхиорна» сийлаллин билгало йелла.
