Ненан меттан хьехархойн гулам д1ахьур бу Нохчийчохь


Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис кхеташо дӀайаьхьна Нохчийн меттан институтан а, Дешар кхиоран институтан а куьйгалхошца а, министерствон департаментийн директоршца а. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Россин историх а, даймахках а, нохчийн маттах а дешаран планаш хӀиттор.

«Билгалдаккха догӀу, Нохчийн Республикин Мехк-Деца, Россин Турпалхочуьнца Кадыров Рамзанаца сан хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дина нохчийн мотт кхиор. Оцу агӀонна лерина терго йан йеза. Дешаран хьукматашкахь, дешархойн хенаш тидаме а оьцуш, нохчийн мотт хьехаран керла план хӀотто йеза аьлла хета суна» – аьлла Дааев Хож-Баудис.

Цул сов, оцу кхеташонехь министра Нохчийн меттан институтан куьйгаллина тӀедиллира ненан меттан хьехархойн гулам дӀабахьар.