Нохчийн Республикин бусулба динан урхаллехь Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин туьшан муфтийн советан кхеташо дӀайаьхьна. Цигахь куьйгалла деш вара Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамча, Нохчийчоьнан муфти, Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин туьшан председатель Межиев Салахь-Хьаьжа.
Кхеташонан декъашхоша дийцаре дира Координацин туьшан балхаца доьзна долу мехала гӀуллакхаш а, бина болх а, дан леринарг а. Къаьсттина терго тӀе йахийтира Къилбаседа Кавказан бусалбанашна йукъара цхьаалла чӀагӀйарна а, социальни а, гӀоьналлин а проекташ кхочушйарна а.
Кхеташонан гурашкахь дӀадаьхьира туьшан структура карлайаккхар. Кхоьллина цхьамогӀа комиссеш, билгалбина царна йукъабогӀу Ӏеламнах.
Межиев Салахь-Хьаьжас шен къамелехь билгалдаьккхира, динан мехаллаш ларйарна а, экстремизмана дуьхьало йарна а, кегийрхошна йукъахь кхетош-кхиоран болх дӀабахьарна а лерина терго йан йезаш хилар.
