Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна «Концерн Росэнергоатом» АО-с «Атомни станцийн кхерамзалла лакхайаккхарехь хьуьнарш гайтарна» дашо а, дато а мидалш йелла. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
И деза совгӀаташ цунна дӀаделла «АХМАТ-Грозный» ОМОН-н командира Бисаев Анзора.
Билгалдаккха догӀу, Нохчийн Республикин Мехк-Ден тӀедилларца «АХМАТ-Грозный» ОМОН хьалхарчу деношкахь дуьйна Запорожан АЭС-н кхерамзалла латтош хилар.