Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас Даудов Ӏумара хаам бина социальни зӀенехь «Лаамийн пост» акци дӀайолийна хиларан хьокъехь. Цо билгал ма-даккхара уггаре а дагах кхеташ а, мехала а болу лаамаш Нохчийн Республикин Мехк-Дега Кадыров Рамзане дӀакхачор бу. Ткъа цо 10 стеган лаам кхочуш а бийр бу.
Акцин Ӏалашо йу бахархойн шатайпа болу лаамаш кхочушбар, церан дахар тодар.
«Лаамийн пост» – иза вай йуха дӀадолош долу дика ламаст ду. Комментарешкахь йазбе шайн гергарчийн, доттагӀийн, лулахойн дахар тодийр долу лаамаш», – йаздина Даудов Ӏумара.