Кадыров Ахьмадна «Соьлжа Г1алин сийлахь гражданин» ц1е йелла


Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министрана, «Ахмат» футболан клубан президентана Кадыров Ахьмадна спорт кхиорна йукъа йоккха хазна йилларна «Соьлжа-ГӀалин сийлахь гражданин» цӀе йелла.

И мехала совгӀат цунна дӀаделира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Сайтиев Бувайсаран цӀарах йолу спортан туш схьайоьллучохь.

Цул сов, Нохчийчоьнан Мехк-Дас спортан декъехь къахьоьгуш болчарна а, спортхошна а пачхьалкхан совгӀаташ дина.