Кадыров Адама нохчийнчоьнан мехк-ден т1едахкарш кхочушдар дийцаре дина ша д1айаьхьначу кхеташонехь


Нохчийн Республикин Кхерамзаллин Советан Секретара Кадыров Адама белхан кхеташо дIайаьхьира шен заместительца Абдрашитов Саламбекаца а, Кхерамзаллин Советан аппаратан куьйгалхочуьнца Мутушев Хьасайнаца а.

Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочушдарца доьзна долу а, регионан Кхерамзаллин Советан координацин а, дагадовларан а органийн гIуллакхашна планировани йаран хьокъехь долу а гIуллакхаш.

Абдрашитов Саламбека хаам бира Нохчийн Республикин Мехк-Ден дерриге а тIедахкарш хаддаза тергонехь латтош хиларан а, билгалйаьхначу хенашкахь дIасатаIар доцуш, кхочушдеш хиларан а хьокъехь. Шен рогIехь Мутушев Хьасайна доклад йира кхочушдаран Iедалан федеральни органийн территориальни подразделенеша а, Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан структураша а, ткъа иштта меттигашкахь шаьш урхалла даран органаша а цхьаьна гIуллакхдаран эвсаралла лакхайаккхарехьа бечу белхан хьокъехь.

Кадыров Адама билгалдаьккхина ма-хиллара, Кхерамзаллин Советан координацин а, дагадовларан а органийн протоколийн тIедахкарш кхочушдарна тIехь хаддаза латтош терго йу. Цо тIедиллира протоколийн сацамаш кхочушбарна тIехь терго латтор чIагIдар а, ткъа иштта республикин а, муниципальни а структураша цхьаьна гIуллакхаш дар жигардаккхар а.

«Нохчийн Республикин Кхерамзаллин Советан коьртачу декхарех цхьаъ ду республикин лартIехь дIадоьдучу дахарна новкъарло йан тарлуш болу муьлхха а кхерам йухатохар», – билгалдаьккхира Кадыров Адама.

Цо иштта дагадаийтира таханлерчу кхерамзаллин а, синтеман а тIегIане Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йуьхьарлаьцна хилла политикин некъ а, оцу некъаца, цуьнан весеташ нийса кхочуш а деш, Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан схьавогIуш хилар бахьанехь кхаьчна хилар.

«Тахана вайн республика махкахь уггаре а кхерамзачех а, уггаре а хазачех а цхьаъ йу. Иза хьекъалечу, хьикматечу политикин, цIиндаран некъан тIаьхье йу», – аьлла жамI деш кхеташо йерзийра Нохчийн Республикин Кхерамзаллин Советан Секретара.