Делкъа ламаз а дина, тасбихь, вирд а даьккхина паргIатваьллачу шен дедега Мохьмада элира:
– Воккха-Дада, хIара сан накъост, Хьусайн, веана-кх хьаша тIелацаран, хьошалла даран гIиллакхех дерг ахь шена дуьйцийла лууш, хьайн карах далахь дийцахьа цунах лаций.
– Дера дуьйцур ду-кх, сайна хууш дерг-м. Муха дуьйцур дацара, шу и хаа лууш хилча.
Ламазна тесначу кхакханна тIехь дIа а нислой, цо шен къамел доладо:
– Вайн халкъо уьншарахь дуьйна вовшашца а, кхечу къомах болчу нахаца а хьошаллаш лелийна. Цуьнга хьаьжжина хьошаллин гIиллакхаш кхолладелла вайн. Халкъалахь олуш ду: «ХьошалгIахь ца хиллачунна хьаша тIеэца а хуур дац». Иза иштта дан а ду.
Йуьрта кхаьчна хьаша пхьоьхана хIуттий: «Хьаша тIеэца аьтто болуш мила ву?» – олий, хоттуш хилла. ТIаккха пхьоьханахь лаьттачарах цхьамма хьаша шеца шен хIусаме дIавуьгуш хилла. Нагахь санна хьешо «И хьенех мичахь Iаш ву» – аьлла хаьттича, цо цIейаьккхинчу стеган хIусаме дIакхетош хилла. ХIинца санна «Хьуьллахь Iаш ву» – олий дIахьажош (дIавохуьйтуш) ца хилла.
КхидӀа йеша «Даймохк» газетан 2024-чу шеран 55-чу лоьмарехь