Белхан гӀуллакхца Москва вахана хилла волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна РФ Президентан Администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца а, РФ-н Президентан гӀоьнчица, РФ-н Пачхьалкхан Советан секретарьца Дюмин Алексейца а. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
Цара дийцаре дина регион кхиоран тайп-тайпана гӀуллакхаш.
«Эдуардан Антона а, Геннадийн Алексейс а билгалдаьккхира регионна хьалха лаьтташ долу чолхе гӀуллакхаш кхочушдарехь цхьаьна гӀуллакхашдан дезаш хилар. ТӀедогӀуш долу шо дика а, кхиаме а хир долуш ду вайн республикина. Федеральни центрера доккха гӀо-накъосталла хуьлу чолхе гӀуллакхаш кхочушдарехь», — йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира цхьаьна гӀуллакхашдаро бахархойн дахар тодийриг а, регионан экономика кхиориг а хилар.