Гиххойн Таймасха


Нохчийн халкъан исторехь дукха хилла мехкан а, халкъан а паргӀатонехьа дӀабаьхьначу луьрачу къийсамашкахь
шайгара майралла а, стогалла а, доьналла а гайтина бӀаьхой. Царах лаьцна иллеш даьхна, дийцарш кхоьллина. Царах цхьаболчеран цӀераш хӀинца а йевзаш а, дагайогӀуш а йу. Амма кӀезиг бу оцу турпалчу адамашна йукъахь нохчийн мехкарий а, зударий а хиллий хууш берш. ХӀХ-чу бӀешарахь Кавказехь тӀом болчу шерашкахь гӀарайаьлла хилла нохчийн Гихта йуьртарчу йоьӀан Гиххойн Таймасхин (Малова Таймасха) цӀе. Итт шеран дохаллехь Россин паччахьан эскаршна дуьхьал тӀом бина цо. Нохчийн муридийн тобанан (командир) куьйгалхо хилла иза. Таймасхина тӀехдика девзаш хилла тӀеман гӀуллакхаш. Цуьнан бӀаьхой майра хиларца цӀейахна хилла. Ткъа и ша даима а божарийн духар лелош хилла. 1840-чу шарахь цо дакъалаьцна Кавказан тӀамехь уггаре а чӀогӀа гӀарадаьлла хиллачу тӀеман буьрсачу тасадаларехь. (И тасадалар гӀарадаьлла оцу тӀамехь дакъалоцуш хиллачу М.Ю.Лермонтовн стихотворени бахьана долуш а). Паччахьан инарлаш дукхазза а гӀиртинаТаймасхин тоба хӀаллакйан. Делахь а, мел чӀогӀа гӀертарх а, цунах гӀуллакх хуьлуш ца хилла. Итт шарахь тӀом бинчул тӀаьхьа аьтто баьлла-кх церан иза схьалаца.

1899-чу шарахь «Тифлисски листока» тIехь йаздора: «Кавказан тӀеман исторехь дукха нисйелла лаьмнашкарчу зударша вайн эскаршца цӀий Ӏенош хиллачу тасадаларшкахь дакъалоцуш меттигаш. Лаьмнашкарчу буьрсачу хьелаша, цӀахьчохь долчу дезачу гIуллакхаша къонахалла, майралла йолу зударий кхиабора. Амма тӀом… зударийн гӀуллакх хилла дӀахӀоттар Кавказан лаьмнашкахь а наггахь бен хуьлуш дацара…» Таймасхица долчунна» … тидам тӀебахийтира императора Николай Павловича». 1842-чу шеран оханан беттан 15-чу дийнахь ГӀалгӀайчуьрчу Яндари йуьртана йуххехь тӀом хилира имам Шемалан мурид Ахверда-Махьма коьртехь волчу нохчийн бӀонан а, подполковник Сулимовский коьртехь волчу Несарарчу эскаран а. Ахверда-Махьмин бӀонайукъахь йара Таймасхин цӀейаххана й олу тоба а. Милицин а, гӀашсалтийн а йаккхийчу тоьпийн а гӀоьнца оцу тӀамехь толам баьккхира Сулимовскийн эскаро. Оццу «Тифлисски листоко» билгалдоккхура: «1842-чу шеран оханан баттахь подполковникан Сулимовскийн Теркан областан Несаран кӀоштарчу йоккха Яндарина йуххехь Шемалан наибАхверда-Махьма коьртехь волчу нохчийн бӀаьхошца тӀом хилира. ГӀуллакх чекхделира акхарой эшорца. Цу тӀеСулимовскийн эскарна йукъахь хиллачу Несарарчу милицин аьтто белира 23 стаг йийсаре лаца (1842-чу шеран охана  15-чу дийнахь несархоша йийсаре бинчу нохчийн список тӀехь йолчу архивийн документехь билгалваьккхинарг 24 стаг ву). Йийсархойх дерг къасточу хенахь, ша Малов Тамахан ву аьлларг зуда хилла. Цо дӀахьедина ша акхараллица тӀелетаршкахь дакъалоцуш йолу 10 шо сов хан йу», аьлла.

Цу тайппана, оцу тӀамехь йийсаре ваханарг 24 нохчи ву. Царах цхьаъ Таймасха хилла. Иза йийсаре кхаьчна, йеза
чевнаш а хилла, кхетамчуьра йаьлча. Оцу тӀамехь паччахьан эскаран бӀаьхошца чучча бахана летачу хенахь  мостагӀчо коьртах тур тоьхна хилла Таймасхина. Цул сов, шозза шокъали кхетта а, когех масехазза цхьамзанаш Ӏиттина а хилла цунна. Оцу буьрсачу тӀамехь, ГиххойнТаймасха (кхетамчуьра йала йоллучу хьолехь йолуш) мостагӀашна дуьхьал дӀахӀоьттина лаьтташ йара, цхьана буйнахь шаьлтанан мукъ а къуьйлуш, вукху
буйнахь тур а къуьйлуш. Дийцарехь, салтий цунна тӀегӀорта ца баьхьаш, бахьийча санна лаьтташ хилла. Эххар а, дегӀера дукха цӀий дӀаихна, кхетамчуьра йаьлла Таймасха, охьайоьжна. Иза кхетамчуьра
йаьллий хиъча бен цунна тӀебаха а, иза йийсар йан а ца баьхьна уьш.Гиххойн Таймасха йийсаре йахарх
лаьцна дуьйцуш кхин цхьа хабар а ду. Дийцарехь, шен йуьртана Гихтана паччахьан эскарша гуо лаьцча шен йуьртахой кӀелхьарбахархьама а, цӀий Ӏенор сацорхьама а шен лаамехь йийсаре йахана иза.
ХӀунда аьлча, эскарийн куьйгалхоша дош делла хилла нагахь санна Таймасха йийсаре йагӀахь йуьртана лаьцна гуодӀабаккха а, Гихтара лаьцна 12 йийсар дӀахеца а. Баккъал а, Таймасха чӀогӀа майра йоӀ хилла. Дуьйцуш ду, мухха а цкъа гуьйренан цхьана дийнахь Таймасха шен деца Лоьмица цхьаьна хьуьнах хьаьмцаш
лахьо йахана хилла. ХӀара шиъ хьуьнахара йухадогӀуш царна дуьхьал талорхой бевлла. Шиъ хилла дуьхьала ваьлларг. Лоьмин говр йезайелла царна.

«ДӀайаста говр!» – тӀечевхина царах цхьаъ. Шен йуьхь къайлайоккхуш, бетах хьарчийна башлакх хилла цуьнан. ШолгӀаниг йерриге а йуьхь йаьлла хилла, вевзар а воцуш. Лоьмас шен гӀодайуккъера шаьлта схьа а эккхийтина:
«Цкъа хьалха говран деца къамел де ахь, тӀаккха хьовсур ду вай», – аьлла. Ворданара охьа а иккхина лата кечвелла иза. «Хьо цхьаъ бен вац, оха дукха атта эшор ву хьо», – аьлла цо. «Дагардан ца хаьа хьуна», – мохь
тоьхна шен гӀовтала кӀелхьара шаьлта схьа а йоккхуш Таймасхас. Шен дена йуххе дӀа а хӀоьттина, лата кечйелла иза.

– Ӏадда дита и шиъ. Ца го хьуна, говр
хӀунда дуьйцура ахь, говран лан а лур
дац цара, – элира йуьхь йаьлла волчо.
– Гарехь, вайшинначул чӀогӀа оьшуш
йу царна и говр, – элира шолгӀачо. Шайн
говраш йуха а йерзийна, дӀаволавелира
и шиъ. Йуьхь йаьлла волчо, йуха а хьаьжна: «Майра жима стаг ву хьо! Хьох
дика къонах хир ву. Диц ма делахь сан
дош!», – элира.

Лоьма, шен йоӀе а хьаьжна, велааьшна хилира. Цуьнан бӀаьргашкахь аьхналла а, йоӀе болу бовха безам а хаалора. «Эрна олуш ца хилла хьан нанас, хьо суна Дала кӀентан метта йаийтина йу». Таймасха, эхь хетта, кхохкийра!
«Ас гойтур дара хьуна царна! Дада, са ма гатдехьа! Хьан йоӀарша (Таймасхин кхин цхьа йиша а йара, Сийлаха цӀе йолуш) шайн сий даима а лардийр ду хьуна!». Иза а аьлла, цӀийелла дӀахӀоьттира иза. Шен деца цу тайппана къамел дуьххьара деш йара Таймасха, нийса накъостаца санна. ЙоӀан майраллех воккхавер а,
оццу хенахь сингаттам а беара дена оцу дешнаша… Йийсаре бинчу кхечу нохчашца цхьаьна Таймасха Буру-ГӀала дӀахьажийра. Паччахьа Николай Павловича Жимачу ГӀебартахь а, Несарехь а дӀадаьхьначу тӀеман гӀуллакхех долчу журналехь оцу хиламех дерг шена хиъча (дийцарехь, императорна цул хьалха а хезнера оццу журнала тӀера цуьнан хьокъехь дуьйцуш) и бӀаьхо-зуда йовза лиъна, омра дира майра нохчи тӀом бечу хенахь
шена тӀехь хиллачу гӀовталца Петарбухе дӀайалайе, аьлла.

Б у р у — Г Ӏ а л а р а Т а й м а с х а ,гӀалагӀазкхийн урядника Григорьевс гӀарол а деш, Ставрополе дӀахьажийра.
Цигара, поштин говрашкахь Таймасха Санкт-Петербурге дӀайига йезаш вара иза. Нохчийн йоӀ йийсаре дӀайуьгург
ахча деллера урядникана. Нохчичунна новкъахь оьшучунна, 39 денна лерина датон ахча дара цунна делларг, цхьана денна 28 кепек а нислуш. Инарлалейтенанта Галафеевс омра динера Григорьевн оцу зудчунна гӀо дар тӀедожош, хӀунда аьлча, иза паччахь волчу йуьгуш йара. Иштта, гӀарол дечарна дукха чӀогӀа тӀедиллина дара йийсархочунна тӀехь сема терго латтор, «цуьнца кӀеда-мерза хилар, цунна къастийна ахча цуьнан хьашташна хьажор, тароне хьаьжжина, тоьлла кхача балар, буьйса йаккха хӀусам диканиг йехар, амма ишттаниг ца хуьлуш
хьал хилахь поштин некъа тӀера дӀаса ца хьовзар, буьйсанна садаӀа бен цхьана а меттехь ца совцар… «Нагахь санна новкъахь и зуда цомгаш хилахь, циггахь иза госпиталь йа больница йолчу метте дӀайала йеза ахь,
меттигерчу хьаькамашка, дарба леладайта. То ма йеллина, кхачо йеззаче дӀа  кхачош», – йаздина архивашкарчу документашкахь. 1842-чу шеран мангалан баттахь Малова пачхьене дӀакхачийра, паччахьна тӀейигира. Императрицас (паччахьан зудчо) майрачу нохчичунна коча тосу дашо зӀе йелира, тӀехь жовхӀарш долуш. Йуха
цунна божарийн духар тӀе а дуьйхина, Кавказе дӀахьажийра. Штабан хьаькама инарла-майора Коцебус йаздора: «Малова Таймасха, Сийлахьчу Паччахьна тӀе кхачийра. Цуьнан ирс хилира Сийлахьчу Паччахьан зудчо йелла йеза дашо зӀе коча олла. Лаккхарчун лехамца цунна божарийн духар тӀедуьйхира. Йуха шен даймахка дӀахьажийра. Ставрополь гӀала кхаччалц цунна поштин ши говр а, некъан хьашташна къинхетамечо датон 100
сом ахча а делира». 1842-чу шеран эсаран баттахь корнета эла Алхасов Дюла (гӀумкийн элас)
хьаькамийн тӀедилларца Таймасха Ставрополе схьайалийра. Петарбухера даийтинчу кехата тӀехь ца дуьйцура
иза йийсарехь билггал мичахь латтон йеза. Керла омра схьакхаччалц Кавказан зилан эскарийн штабан хьаькама
инарла-майора Троскина корнетана Алхасовна тӀедиллира Малова Буьрса гӀопе дӀайигар. Иштта, Штабан хьаькама аьрруфланган хьаькамна инарла-майорана Фрейтачна тӀедиллира иза дукха лерина ларйар, иза йедда Нохчийчу дӀа ца йахийтархьама. Таймасхин хьокъехь керла хаамаш кхаччалц йолчу йукъанна дан д езаш дара и гӀуллакх. Архивийн хьостанашкахь билгалдоккхуш ду: «Алхасов Дюла, хьаькама шашена тӀедиллина декхар  кхочуш а деш нохчийн йоӀ Санкт-Петербургера Ставрополе схьайалийна. Иза цигара стенга йига йеза дуьйцуш цхьана а тайпа кехат ца деана, цундела и зуда Буьрса гӀопе, Кавказан зилан аьрру фланган хьаькам
волчу дӀахьажийна». Алхасовс гӀарол а деш Таймасха Буьрса гӀопе схьайалийра. Шен хьокъехь цхьа хаам кхачаре ладоьгӀуш цигахь Ӏаш йара иза. Ша йина а, Ӏийна а йурт гена йацахь а, шен гергарнаш болчу ца йохуьйтура Таймасха. Петарбухехь Ӏаш болчарна хетарехь, тӀамехь дакъалаьцна йолчу зудчо шен масалца ламанхойн шовкъе кегийрхой шена тӀаьхьа хӀитто тарлора. Цуьнца доьзна инарлаадъютантана Нейдгардтана, Кавказан ша къаьсттинчу корпусан Тифлисерчу командирана омра дира Малова Ӏен йолу меттиг шена луъучохь билгалйаккхар а, цунна тӀехь сема терго латтор а. Нейдгардта «нохчи Малова Таймасха
хаддаза тӀехь терго латтош йолчу меттехь йита» аьлла болу Лаккхарчун лаам талхорна кхоьруш иза Буьрса гӀопехь йитира. Цигахь Таймасха чӀогӀа къелла а, мацалла а хьоьгуш йара. Шена йелла дашон зӀе йохка а ца хӀоьттина, цо дийхира шена иза йуха дӀайала бакъо йалар а, шена оцу совгӀатан мах балар а. 1843-чу шеран хьаьттан беттан 14- чу дийнахь аьрру фланган хьаькама Фрейгата Таймасхин дехар Тифлисе дахьийтира. Цо билгалдоккхура, шегахь йолчу къелле хьаьжна ца Ӏаш, Таймасха дашо зӀе нахана йохка лууш цахилар а, шена динчу совгӀатан метта хазнера ахча далар доьхуш хилар а, и совгӀат йуха Паччахьан зудче дӀадалар доьхуш
хилар а. 1843-чу шеран эсаран баттахь Лаккхарчо тӀедиллира: «…ДӀадаханчу шарахь нохчичунна Малова Таймасхина йелла хилла дашон зӀе цунна Ӏадйита, оцу зудчунна датон ши бӀе сом ахча пособи луо», «…билгалдаьккхина ахча Гуьржийчоьнан-Имеритин хазнин палатера дӀало…», «…датон 200 сом ахча,
Малована дӀадала, инарла-майоре Фрейтаге дӀадахьийта». Цул тӀаьхьа цхьа хан йаьлча, Таймасхина бакъо йелира шен да волчу Гихта дӀайаха. 1845-чу шеран оханан беттан 24-чу дийнахь Кавказан зилан аьрру
фланган буьйранчас хаам бира: «Малова Таймасха шен къарлур доцчу децаненаца Гихтахь Ӏаш йу, наггахь Буьрса
гӀопе йогӀу. Иза хӀинца муьлхачу хьолехь йу суна ца хаьа», – аьлла. 1899-чу шарахь «Тифлисски листоко» хаам бо нохчийн йоӀах-дошлочух Ӏедалан тӀегӀанехь дуьйцуш, халахеташ делахь а, цхьана а тайпа хӀума цахиларх
лаьцна. Делахь а, иза йехаш а йара, шен ницкъ ма-кхоччу нохчийн халкъан паргIатонехьа къуьйсуш а йара, къарйелла Iийр йолуш а йацара. Амма цӀейаххана йолчу нохчийн майрачу йоӀах Таймасхех, цуьнан кхолламех дерг хӀинца а кхачам боллуш теллина дац. Йийсарера паргӀатйаьллачул тӀаьхьа цо хӀун лелийна, иза маца кхелхина, иза дӀа мичахь йоьллина хууш дац. Вайн бакъо йац иза ца хууш Ӏан. Вайн бакъо йац халкъан турпалхо, майра Таймасха йицйан.

Р.Товсултанов,
историн Ӏилманийн кандидат