«1уьйренан ламаз» акцехь дакъалаьцначу 150 берана вилспеташ йелла


Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министерствос дӀайаьхьначу «Ӏуьйренан ламаз» акцин жамӀаш дар дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалин йуккъерчу майданахь. Цуьнан гурашкахь 150 берана вилспеташ йелла.

Нохчийчоьнан кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министран заместитела Абдулвагапов Джабраила хаам ма-барра, акцехь дакъалоцуш 300 сов бер дара. Царах мелла жигара болчарна йелла йу вилспеташ.

Билгалдаккха догӀу берашна совгӀаташ дар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо вовшахтоьхна хилар.