Закриева Пет1аматана дика хаьа шен дахаран декхар


Нохчийн литературин хьаьрмахь къахьоьгуш болчу йаздархошна а, книгашйешархошна  а дукха  ч1ог1а  г1ара ца йолуш  йисира,  кхо шо бен йукъа ца дулуш, т1аьхьий, хьалхий зорбанера арайаьлла йолу Закриева Пет1аматан байтийн ши гулар: «Доца ду дахар» (2008 шо), «Суьйренан ойланаш» (2011шо).

Закриева Пет1амат вайн республикин дешаран хьаьрмахь боккхачу ларамца ц1е йоккхуш говзанча йу. Цуьнан профессиональни дахар дешаран системица доьзна ду: нохчийн меттан  тоьлла хьехархо йу аьлла ц1е йоккхура цуьнан  Нохч-Г1алг1айн республикехь, директоран даржехь кхиамца болх беш йолчера  Нохчийн Республикин  дешаран а, 1илманан а министран заместителан дарже х1оттийра иза. Шина т1амах йаьлла йохийна 1уьллуш йолчу Соьлжа-Г1алахь болх бан йолайеллачу министерствех уггар хьалха болх бан йолайелларг дешаран министерство  йара. Генарчу шахьаршкара  дукха хьехархой бог1ура кхуза шайн балхаца доьзна  цхьацца  х1ума хатта. Дукха хьолахь Закриева Пет1амат хуьлура цаьрца х1оранца къамел деш йерг, деанчу г1уллакхна тидам т1ебахийтина. Ала дашна, кху мог1анийн автор а йара цуьнца цхьана цу министерствехь йукъарчу дешаран декъехь коьртачу говзанчин даржехь болх беш.  Закриевас лерина ладуг1ура хьехархошка, церан деглазамна т1аьхьакхуьура, шега далуш долу г1о-накъосталла дора.  Пет1амата исбаьхьа хаза буьйцуш болчу ц1ена нохчийн матто цхьана тамашийна йийсаре бора уьш, шаьш беана некъ дикчу аг1ор боьрзург хиларх теша а беш.

Шен белхан накъост Эльмурзаева Ганга НР-н хьехархойн говзалла лакхайаккхаран институте ректоран болх бан хьажош, цуьнан дехарца Закриева дехьа йолу цигахь болх бан. «Этнопедагогика и традиционная культура» кафедрин куьйгалхо х1оттайо иза (кхечу дешнашца аьлча – вайнехан г1иллакх-оьздангаллин кафедрин). Боккха пайда оьцура хьехархоша шаьш курсашка баьхкича оцу кафедрин белхахошкара. Ша зеделларг долуш хьехархо хиларе терра, Пет1аматана хаьара, кегирхой кхетош-кхиорехь беш болчу балха т1ехь стенна т1е тидам бахийта беза.

Шен  духарца, йуьхь-сибатца, къамелаца, дуьнене хьежарца Закриева Пет1амат нохчийн зудчун хат1 долуш билгалйаьлла  схьайог1уш йу даима. «Со-ас» боху х1ума дац цуьнца, оьзда, тийна-таь11ина болх а беш, лакхарчу дарже кхача ца г1ерташ, массаьрца а г1иллакхе, собаре йолуш йехаш йу иза.

2008-чу шарахь арайаьллачу «Доца ду дахар» гуларан презентаци ца хилира. 2011-чу шарахь арайаьллачу «Суьйренан ойланаш» гуларан презентаци йинарш Пет1аматан белхан накъостий бара  — нохчийн меттан а, литературин а кафедрин белхахой, коьртехь кафедрин куьйгалхо Дашаева Лайлаъ а йолуш.

«Доца ду дахар» стихийн гуларна ша йазйинчу дешхьалхенехь авторх лаьцна довха дешнаш аьлла нохчийн меттан говаьллачу говзанчас, 1илманча-фольклорхочо, академика Джамалханов Зайндис (кхелхина 2014-чу шарахь): «Йоцу ц1ерш тохкуш, боцу бехкаш т1етуьйсуш, доллучу а дуьненна хьалха сийсаздина, шен махках, дайн кешнех даьккхина Советан 1едало Йуккъерчу Азе кхоьссина, харцонца ницкъ бинчу нохчийн халкъан йо1 йу Казахийн Республикехь дуьнен  чу йаьлла Закриева Пет1амат. Бовззал йоцчу хенахь бевзира цунна бала, йовззал йоцчу хенахь йевзира г1айг1а, аганан г1ожца кхечира цуьнга мацалла а, г1ело а, 1азап а. Кхечира Даймахке болу йистйоцу безам а, дайн лаьмнашка сатийсам а. Шен мехкан туьйранечу 1аламан хазаллех, дайн оьздачу г1иллакхех, лаьмнашкахь баьхначу къонахийн сийлаллех, башхачу ламастех долу дийцарш девзира дененера, дейижаршкара. Оцу хийрачу махкахь йоккхучу хенахь бохамо бахчийначу нохчийн вовшашца йолу уьйр-марзо, лараме йукъаметтигаш, синойн оьздангалла цуьнан дахаран 1илма хилла д1а а х1иттира.  Берахь дуьйна Пет1амата дозалла дина иллех, къоман башхачу туьйранех, х1айкал санна базбина, лоруш, сийдеш схьабеъна шен хьомсарчу ненан мотт. Цунна т1ера долало эр дара йоь1ан къоман литератураца  долу мерза гергарло а. Хинйолчу поэтессин къинхьегаман йуьхь Теркйистерчу 1ели-Юьртарчу ишколехь ненан меттан хьехархо йолуш йолайелира. Цо белхаш бо оццу ишколехь завуч а, директор а йолуш. Жимчохь дуьйна ша кхочушдечу йа шех тешийначу х1уманна т1ехь доккха жоьпалла хиларца  билгалйолура П.Закриева. Цундела вайна тамашийна ца хета тахана цуьнан ц1арна йуххехь: «Россин Федерацин Халкъан дешаран отличник», «Дешаран сийлахь белхахо», «Хьехархо-методист», «Нохчийн Республикин хьакъ йолу хьехархо», кхийолу а сийлаллин ц1ерш йаха таро хилар…  Шен къоман мотт к1орггера хаар, цуьнан марзо, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан сийлалла йовзар, къоман г1иллакхаш, дайн ламасташ ларар, ша нохчийн зуда хиларх доггара дозалла дар хаало вайна х1окху гуларна йуккъйаханчу Пет1аматан байташкахь: «Малх хуьлий, вохво хьан дашо, Дарба хуьлий, къонво хьан дашо, Рицкъа хуьлий, токхво хьан дашо, Ненан мотт, ч1аг1до хьо хилар дашо, — боху поэтессас «Матте» ц1е йолчу стихотворенехь.

Вайн кхетамехь г1уьттучу сирлачу ойланашца, бовхачу синхаамашца, дайшкара кхаьчначу г1иллакх-оьздангаллица дегнашкахь даиманна даха дуьсу оьзда, сийлахь, ц1ена, мерза дош. Оцу дашца билгалдолу Дала вайна деллачу дахаран маь1на, адмийн адамаллин йукъаметтигаш.  Закриева Пет1амата шен стихашкахь говзачу, хазачу, кхета аттачу маттаца билгалйоккху вайн синъоьздангалла, собар, къонахийн йахь, хьанал къинхьегам, адамийн адамалла а, адамийн къинхетам а».

«Доца ду дахар» ц1е йолу гулар схьайоьллу «Нана» ц1е йолчу байто.  Цу т1ехь автора ч1ог1а нийса а, шен  меттахь а аьлла ду нанас лелон  маь1на достуш долу х1ара дешнаш: «Кху дуьненахь массо а дикчун Орам ненан дагца бу. Кху лаьтта т1ехь массо а зуламан Лазам ненан даг чохь бу!»

Пет1аматан шен махке, цуьнан коьртачу шахьаре болу к1орггера безам, т1амо царна йина чевнаш шен дагна йича санна авторна хеташ хилар, вайн къомана т1ех1оьттинчу зиэран, халчу киртиган бахьанийн духе кхиа атта ца хилар гойтуш, шен къомана и къематде т1едеънарш йемалбеш, т1еман херцаршка хьоьжуш зудчун, ненан хуьлуш йолу дог-ойла гойтуш, даггара йазйина  а, йешархойн дег1е «зуз» доуьйтур долуш йу цуьнан «Сан г1ала» ц1е йолу байт: «Ойланийн мотт сецна, къарделла дешнаш, Гина сурт ца лайна, б1аьргаш а лешаш, Лаьтта со цецйаьлла вайн г1ала хиллачохь, Къизалла, 1ожалла г1азотца ийначохь».

Кхийолчу луларчу республикашца дуьстича, шен кхиарехь дика хьалхайог1уш, шена чохь дехачу къаьмнийн токхо алсам хиларца, царна йукъара барт мокхазал ч1ог1а хиларца къаьсташ схьайеанчу Нохчийчоьнна цхьаьннан б1аьрг хилла, йа цхьамма боьллина вуон сардам бахана аьлла хета авторна. Цу хьокъехь йолу шен ойланаш йовзуьйту цо «Б1аьргхилла мохк» байтехь: «Хьенан  б1аьрг хили-те Хьомечу махкана, Хьан сардам боьлли-те Ца лозуш дог? Д1аьвшечу м1арашца хьан некхах летта, Дуьххьара харцонна хьан баьккхи ког?»

«Дуьненан хазна» аьлла йолчу шен байтехь Закриевас вайга кхойкху нохчийн г1иллакхаш лардаре. Г1иллакх-оьздангалла кхайкхош маьхьарий а ца хьоькхуш, ша боккхачу  х1ора  когаца, дечу г1уллакхца, олучу дашца г1иллакхе хиларе, цу декъехь дечу г1уллакхца масал хилла д1ах1оттаре  кхойкхуш йу и байт: «Г1иллакх  ду дуьненан хазна, Вай х1унда боху и дайна? И лелош хало йан тахна Цалаар х1ун ду-те вайна?»

1999-чу шарахь П.Закриевас  йелха а йоьлхуш йазйина лакхахь хьахийна «Сан г1ала» ц1е йолу байт. Амма доза доцуш доккха ду цуьнан хазахетар дийно-дийно кхуьуш, йухаденлуш, хазлуш йолу вайн коьрта шахьар гуш. Амма шахьарш ц1инйарх тоьаш дац. Авторна хетарехь, ц1анйан йеза вайн ойланаш, дегнаш, д1адаха деза шалха къежарш: «Селхана хиллачохь херцарш Зезагийн майданаш го, Туьйранехь кхуьуш йу г1ишлош, Токхонца дог ийало   …Ц1андина урамаш санна, Хьовсий вай ойла ц1анйан, Ма къежий вай шалха тахна, Йамарта дегнаш дендан!»

Дала  адамашна кху дуьненахь йаккха йелла хан дукха йац. Цундела автора шен  «Доца ду дахар» аьлла йолчу байта т1ехь  дика аьлла цу хьокъехь. Автора вайга массаьрга а кхойкху Дала шена йеллачу оьмарехь къийсамаш а, 1отта-баккхамаш а битина, мелла а алсам дика г1уллакхаш дан хьажаре, рицкъанашна т1аьхьадевлла а ца лелаш, йамартло, тешнабехк д1а а баьккхина, вовшашца лерам болуш, тарлуш, бертахь дахаре.

П.Закриеван х1ора байт а йу вайга дикачуьнга, оьздачуьнга, сирлачуьнга  кхойкхуш. Хаза, исбаьхьа, ламанан шовда санна ц1ена, хьалдолуш бу цуьнан мотт. Нохчийн меттан суртх1отторан, васташ кхолларан таронийн къоьлла цахилар гучудолу вайна Пет1аматан «Т1улгаш доьлху» ц1е йолу байт йешча: « Т1улгаш доьлху   б1аьрхиш   лечкъош, Шовданаш ду кхоьлина, Хетало-кха йевдда мархаш, Йайна харцо ца лайна».

Иштта,    ненан меттан хьалдолуш хилар, цуьнан к1орге, исбаьхьала гойтуш, авторан шен махке, цуьнан 1аламе болу к1орггера безам балхош  йу «Ойланийн х1орд»   аьлла байт а: «Маржа йа1! Хьо Теркан тог1е, Хетало ахь кхойкхуш санна, Зезаго хазйина г1айре, Сатуьйсу хьоьга ас денна».

Ойланаша д1айуьгу автор шен бераллин хан йаьккхинчу казахийн махка: «Казахийн шелоно ц1овзийнчу аренца, Г1ан хилла дисина бералла сан, Даймахке сатуьйсуш г1ийлачу узаршца Дай-наноша йоккху хан дийзира ган. Бералла ца хили ирсаца декъна, Тайнагаш ца ловзий туькнара эцна, Шийлачу мох-дарцо акха шок йеттара, Суьйренца берзалой кораш к1ел уг1ура».  Шен махкахоша 1аьвшина хало, харцо, мацалла, къизалла дагара ца йолу авторна. Амма хенан йохаллехь гинарш-лайнарш гена довлу, диц ца лахь а. Поэтесса йоккхайеш коьртаниг ду: «Делахь а, халкъан эс лардан ницкъ кхечира, Вайн дайша шайн ц1ийца беза мах а белира. Бераллин мукъамаша х1инца а техкайо, Шуна хилла   чевнаш а аса сайца лелайо, Заманан тулг1еша шайн илли хийцина,  Даг т1ера ирча муо  х1инца ца бирзина».

2011-чу шарахь арайаьллачу шен байтийн шолг1а гулар т1ехь а билгалйаьккхина автора нохчийн къомо Сибрехахь лайна хало («Бераллера дагалецамаш»), ц1ера бохучу дийнахь  гина  къизалла: «Йаьгначу Хьайбахан к1уьро са лоьцу»,- боху цо («23 февраль, 1944 шо»).

Шолг1ачу гуларан ц1е йу «Суьйренан ойланаш». Кху т1ера байташ йешча гуш ду: авторан тематика а, дуьнене хьежар а,  шен декхар а, 1алашо а, дахаран къилба (кредо) а хийца ца делла.  Муххале а к1оргга а, шуьйра а го авторна шен декхар. Цунах лаьцна  цо боху «Дика» ц1е йолчу байтехь: «Х1ораммо диканца шен куьг кховдийча, Х1ораммо диканна баьккхича некъ, Х1ораммо ца кхоош дика дош аьлча, Х1оранга дикано боккхур бара кхаъ». Оцу  байтаца цхьаьна йог1уш йу «Бес-бесара йуьту вай лараш» ц1е йолу байт. Адамийн синхаам самабоккхуш,  муха ваха веза, х1ун лар йита йеза дуьненчохь гойтуш йу и байт: «Х1ораммо дахарехь шен-шен некъ хоржу, Х1ораммо дахарехь шен-шен кхаж тосу, Цхьавериг халкъана малх санна вогу, Ткъа вукхо гуттар а атта некъ лоху».

Закриева Пет1амат ирс долуш зуда йу: цо дахарехь хаьржина некъ адмашна пайдехь а, шена меле а хилла.  Маьлхан з1аьнарша серладоккху х1ара дуьне санна, шен хааршца, деган дикаллица  къона т1аьхте кхетош-кхиорехь къахьоьгуш, жим-жимма луш, шен деган йовхо, марзо д1айелла цо берашна. «Сан декхар» бохучу байтехь цо боху: «Маьрша ду сан декхар, Берашна хьехар, Малх санна,  дуьненахьАдмашна йагар, Бух боцчу 1илманан К1оргене кхийдар…»  Кхузахь кхин цхьа байт йалон лаьа «Доца ду дахар» гулар т1ера: «Хьан дахар ца хилла бахамца дустуш, И хилла оьздачу г1иллакхий б1ов, Генара вевза хьо урамца вог1уш, Хьан карахь даима тептарийн ц1ов. Хьайн деган йовхонца къинхетам дебош, Ахь хийла хьаьстина бо-беран дог, Ахь некъах тилларг а собарца кхетош, Къахьегна серлоне боккхуьйтуш ког».

Ша меттан говзанча хиларе терра, П.Закриевас  боккха пайда оьцу нохчийн меттан исбаьхьаллин г1ирсех. Цхьа а мог1а йукъара баккха ца лууш, тай т1е доьхкина туьтеш санна, вовшахдаг1а ца х1уттуш ду цхьацца байтийн мог1анаш. Масала, «Сирла шовда», «Цхьа дитт», «Теркайисте йигахьа», «Шовдана йистехь», «Гуьйре йог1у» байташкахь автора шуьйрра гайтина мел исбаьхьа, хаза бу вайн ненан мотт.

Шен халкъана гина халонаш йийцина ца 1а автор. Делан диканах дог ца дуьллуш, тидаме оьцу цо Даймахкахь хуьлуш болу хийцамаш.  Маьршачу Нохчийчоьнан кхане сирла, ирсе го цунна, масала, «Сан Даймохк», «Маьрша Даймохк», «Даймохк – сан дозалла» байташкахь. Цуьнан  Даймахкаца йолу уьйр  цкъа а хедар йоцийла хаьа вайна  «Нохчийчоь» байт йешча: «Ма къен вац, Нохчийчоь, хьо доггах йезарг, Хьан шийлачу шовданийн 1аббалц къурд бинарг; Хьан рег1ан басешкахь ц1ен зезаг хьаьстинарг, Дахар а, 1ожалла хьан кийрахь лехнарг».

«Суьйренан ойланаш» гуларан Дешхьалхе йазйинарг ву Нохчийн меттан институтан куьйгалхо,  филологин 1илманийн доктор Овхадов Муса: «Вайн кхетамехь г1уьттучу сирлачу ойланашца, бовхачу синхаамашца, дайшкара кхаьчначу г1иллакх-оьздангаллийца дегнашкахь даимна даха дуьсу  оьзда, сийлахь, ц1ена мерза дош. Оцу дашца билгалдолу Дала вайна деллачу дахаран маь1на, адамийн адамаллийн йукъаметтигаш.

Закриева Пет1амата  шен стихашкахь  говзачу, хазачу, мерзачу, кхета аттачу маттаца билгалйоккху  вайн син оьздангалла, къонахийн йахь, собар, хьанала къинхьегам: — «1алам къаго г1а-бецан заза санна къаьмнаш хаздан кхоьллина ду г1иллакх-оьздангалла» . Шен стихашкахь а боху цо: «Оьздачу ден-ненан ц1арца, Веънехь кху дуьненчу хьо, Стогалла 1алашйай ц1ийца, Хьайн к1анте ахьа д1ало. Диканна дош ала сихло, Кийрахь ма лацийта мекха, «Цаваьхнарг» дуьненахь вицло – Оьзданиг харжалахь некъ».

Адамо дуьххьалд1а латта хьешарх ца тоьа, «дахар» бохучу дешан лакхарчу маь1нехь д1адахьа декхарийлахь ву х1ора а шен дахар.  Ша дуьненахь оьцучунна, шена дахаро лучунна дуьхьал дуьненна шегара йал кхачо декхарийлахь ву х1ора. Шен дахаран декхар дика хаьа Пет1аматна.

Шен къоман мотт к1орггера  хаар, цуьнан марзо, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан сийлалла йовзар, къоман г1иллакхаш, дайн ламасташ ларар, ша нохчийн зуда хиларх даггара дозалла дар хаало вайна х1окху гуларна йукъайаханчу Пет1аматан байташкахь: «Ненан маттахь аьллачу дашо Мел дезаниг ойу дукъ, Эшайо харцонан хало, Бакъоне кховдабо мукъ…»,- боху поэтессас «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотворенехь.»

Шина а гуларан йукъайахана дуккха а афоризмаш (Ира дешнаш).  Хьехархоша шайн урокашкахь царех пайда эца хьакъдолш йу уьш. Хала хеташ делахь а, таханлерчу заманахь «клиповое мышление» боху башхалла  йолуш йу вайн кегийрхойн  иэс. Ткъа оцу афоризмийн йоца (1-2 предложени) хиларо церан маь1нех кхета а, уьш дагахь латто а аьтто хуьлуьйту.   Аса лерина теллира цу шина гуларт1ехь йухаалар ду йа дац.  Дац! Хьалхарчу гуларт1ера цхьа а афоризм шолг1ачу гуларна йукъа ца йахана.  Масална муьлханиг йалор йара-теш, аьлла, йух-йуха аса и ши книга листарх, массо а афоризм шуна йовзийта лууш, цхьа а йукъара ца йаккхалуш, йаьлли со.  «Хьекъал шераша луш дац, бахам сутаралло гулбеш бац»,  «Ойланал хьалха мотт ма лелхийта, нахал хьалха хьо ма лелха»,  «Шен долчух кхачам бан хаахьара, массо вехаш хир вара», «Хьайн дагна там хила лаахь, кхечунна и лохуш хилалахь», «Мерзачу кхачано дег1 дузадо, мерзачу дашо са дузадо» и  д1. кх.

Закриева Пет1аматан кхоллараллех къамел дерзош Овхадов Мусан дешнашца ала лаьа: «Луур дара т1ейог1учу хенахь а Пет1аматан кхолларалла керла зазадоккхуш кхуьийла.  Шен рог1ерчу гуларшца цо вайн дегнаш кхид1а а даккхийдедойла».

Амин! Вай тешаш ду иза иштта хирг хиларх. Кхин цхьа х1ума ала лаьа, Пет1аматан афоризм а йалош: «Шен дахаран чам х1ораммо ша бо».  Дика чам бан хууш хилла Закриева Пет1амат!

 

БАРЗАНУКАЕВА Айза,

РФ-н йукъарчу дешаран Сийлахь белхахо,

Нохчийн Республикин Хьакъйолу  журналист