Толаман 80 шо кхачарна лерна суьйртийн гайтам д1ах1оттийна


Айдамиров Абузаран цӀарахчу къоман библиотекехь «Летописцы истории: спираль времени сквозь объективы фотокамер» суьртийн гайтан дӀабаьхьна.

Иза лерина бу Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀамехь Толам баьккхина 80 шо кхачарна. Гайтам схьабелларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин йукъараллин палатин декъашхоша а, культурин а, искусствон а гӀуллакххоша а, Соьлжа-ГӀалин бахархоша а.

Малхбален-ГӀирмин историн-культурин музейн гӀоьнца фотопроект вовшахтоьхна а, дӀахьош а йу «Новые регионы России» журналан редакцино а, «Послесловие» корматаллин йукъаралло а. Гайтамехь довзийтина 1941-1945-чуй шерашкахь тӀеман фотокорреспондента Халдей Евгенийс даьхна а, 2022-2025-чуй шерашкахь «Новые регионы России» журналан коьртачу редактора, РФ-н журналистийн союзан декъашхочо Венявский Сергейс даьхна а долу суьрташ ду.

Герггарчу хенахь и оцу тайпа гайтам иштта схьабоьллур бу Грецехь а, Калининградехь а, Ростовехь а, Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, кхечу гӀаланашкахь а.

Суьртийн гайтаме хьажа аьтто бу хӀутосург чекхбаллалц.

 

Фото тематическое