ТӀеман леррина операци йолайелчахьана иза дӀахьоче Нохчийн Республикера 55 500 бӀаьхо вахана. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Россин Президентаца Путин Владимирца селхана хиллачу цхьаьнакхетарехь.
«Карарчу хенахь фронтехь Оборонин министерствон а, Росгвардин а, «АХМАТ» спецназан а, НР-н МВД-н а 11 эзар сов бӀаьхо ву. ТӀедехкина декхарш тӀехдика кхочушдеш ду. 7540 бӀаьхочунна пачхьалкхан совгӀаташ а дина», — аьлла Кадыров Рамзана.
Россин Президента билгалдаьккхира Нохчийчуьра бӀаьхой дика кечамаш бина а, говза тӀом бан хууш а хилар.