Оьздангалла а, цо вайн дахарехь д1алоцу меттиг а


Таркхойн Шовхала ша волчу хьошалгIа кхайкхина хилла боху цIейаххана болу кIентий. Iуьйранна туьха а ца тосуш, теза кхача хьалха биллина хилла цо царна. Цхьаммо инкарло ца йеш, хьешо буъчу барамехь кхача биъна цара. Делкъанна туьха совдаьккхина, кхача хьалха биллина царна: Iуьйранна шаьш ма-баъара биъна хилла цара и кхача а. Ткъа суьйранна чам тобина, тоьлла кхача хьалха биллина хилла Шовхала хьешашна. Шаьш Iуьйранна, делкъанна
ма-кхеттара кхачанах кхетта, севцца хилла хьеший. ТIаккха церан оьздангаллех цецваьлла, Шовхала хьаьттина хьешашка: ма тамашийна болх бу-кх шена гуш берг. Теза, дуьра, мерза цхьатерра йии-кх аш? Хьешашна йукъахь воккхахволчу Эвтархойн Ахьмада жоп делла хилла тIаккха: «Тхо-м хьан шуьне чемаш хержа даьхкина даций, Шовхал. Нехан хьаьвди тIехь дин берстар бац, нехан шуьнехь къонах верстар вац». Мел чIогIа оьздангалла гойту цу дийцаро. Вайн халкъан фольклора тIера дийцар ду иза. Иштта оьзда хилла вайн дай. «Хилла»,– аьлла, и иштта дита а ца ло, йа и иштта дита лаа а ца лаьа. Оьздангалла йуьту хIума йац, «хилла»,-аьлла. Иза гуттар хила йезаш йу. Иза Iадйитахь а, иза ширйелла, цуьнан мах дIабаьлла йутур йац ахь и Iад, и Iадйитахь, хьайн мах охьабаьллий, хьайн адамалла ширйеллий бен.

    ГIиллакх-оьздангалла ширлуш дац. ГIиллакх-оьздангалла даима а мехала хIума йу. Цара деш ду адамах адам. Ма-дарра аьлча, уьш хилча, адаман куц-кеп кхин а тало, кхин а хазло. Дукхахьолахь, оцу адамна тIехьаьжна а гуш хуьлу цуьнан синан цIаналла, цуьнан синан оьздингалла: къамелаца, цIеналеларца, тIехь долчу духарца…
ГIиллакхаш къоман шайн-шайн долуш нислахь а, оьздангалла массеран а йукъара йу. Масала, шуьнехь оьзда хилар дуьйцуш, вай лакхахь далийна и дийцар схьаэцча, иштта оцу стоьл тIехь оьздангалла ларйар кхечу къаьмнийн а ду: йуучу хIуманна тIецаветтавалар, йаахIума тIецаIенор, йаахIума йуучу хенахь кхечунна хьалха цагIертар… Масане ду уьш. Стоьла тIехь хилла ца
Iаш, кхин а дукха ду лардан дезарш. Нагахь санна, и хIумнаш и лардеш вацахь, и стаг оьзда воцуш лору. Ткъа вайн халкъалахь и хIумнаш лардеш хилла. Цундела оьздангалло вайн дахарехь йоккха меттиг дIалоцу. И иштта хилла хилар вай лакхахь далийначу дийцаро а гойту. Ткъа дийца и тайпана хIуманаш вайн халкъана йукъахь дукха ду. Оьзда стаг даима а къовлавелла хуьлу. Шех нахана новкъарло ца йо цо. Цо массо хIума лардо. Цуьнан вахар-вар цхьанна а новкъарло йоцуш хуьлу, тIедухучуьнца а хуьлу оьзда, иштта шен мотт а ларбо цо товш доцчух, эхьечух. Кхин а дуккха а ду уьш оьздачу стага лардийраш а, лардан дезарш а. И хIумнаш лардича хуьлу цуьнах оьзда стаг. Оьздангалло ша ахь ларйича, цу адаман мах хьалабоккху. И шеца йолу стаг йукъараллехь лору. Амма цо и ца лелайахь, цуьнан мах а, цуьнга ларам а охьаболу. Баккхийчара шайн къамелехь цхьаъ хьахош даладора: «Оьзда стаг вара иза, оьзда зуда йара иза, йахь йолуш стаг вара иза, йахь йолуш стаг яра иза…», -олий. Цо гойту «оьзда» бохучу дашца а хадабой адаман мах. Оьзда стаг ву аьлла, цкъа цуьнан мах хадийна ца Iаш, и цIе оцу стагал тIаьхьа а дуккха йаха йуьсуш хилар гойту цо. Оьзда стаг муьлххачу халкъана йукъахь а лаккхара мах болуш хуьлу. Цундела аьлла Н. Пенкина: «Лаккхара оьздангалла–иза шен ненан мотт хиъна ца Iаш, кхин а цхьа мотт хаар ду» («Высокий уровень культуры–это и владение еще одним языком,
кроме родного»). Цо бохучун маьIна иштта дастало аьлла хета (цуьнан ахь маьIна даьстича, ненан мотт бац цо кхузахь буьйцург. Цо бохург: ахь дуьйцучух и стаг кхетар а, ца кхетар а ду): ахь буьйцуш болчу маттах и стаг
ца кхетахь а, хьан леларехь, ахь лелочух кхета муьлххачу къомах и стаг хилча а. Кхузахь вай йуьйцург оьздангалла йу. Ахь шега хIун боху ца хаахь а, хьо тIедухучу духарца цIена, хаза лелаш хилча, йуург хаза, цIена лелош а, йууш а хилча, охьахуучохь, хьалагIоттучохь нахана меттиг йуьтуш, хьайх новкъарло
ца йеш хилча, и стаг оьзда стаг вуй хаьа. И хаийта, «И иштта ву»,- бохуш, дийца дезаш дац цхьанна а, и кхечу къомах волчу стагана дийца цуьнан мотт хаа безаш а бац. Вай хIинцца ма-аллара, и оцу стеган леларехь, гуш а, хууш а хуьлуш ду. Иза оьздангалла хилар муьлхха а кхеташ ву. И бу и Н. Пенкина бийцина шолгIа мотт. Иштта и оьздангаллин гураш лардеш волу стаг муьлххачу а къомана йукъахь дIалелало, ткъа и оьздангаллин гураш
лардеш воцу стаг йуьстахтотту, цуьнца йукъаметтиг а ца йеза нахана. Оьздангаллехула бен балуш бац адамашца цхьана некъ, и хьоьгара дIайаьллачохь соцуш бу хьан цаьрца болу некъ. «Адамийн даг тIера воьжча, Далла а ца веза»,- олуш хIума ду хьалкъалахь. Цо гойту адамашца йукъаметтиг мел чIогIа ларйан йеза. Ткъа и йукъаметтиг ларйан оьзда хила веза. Ма-дарра аьлча, хазаллин, дикаллин, цIаналлин мах хууш, и ларйеш, и йезаш хила веза. Вай дагардинарш чIогIа мехала хIуманаш ду. Масала, тIаьххьара долу «ЦIеналла» боху дош вай схьаэцча, цуьнах лаьцна бусалба динехь иштта аьлла бохуш дуьйцу дешначу наха: «ЦIаналла­-динан ах дакъа ду». Ткъа и «цIаналла» оьздангаллин цхьа дакъа ду. Динехь а мел чIогIа лерина тIаккха оьздингалла. Оьздангалла муха лорур йац, дерриге а хазаниг, цIенаниг, диканиг цуьнца хилча ?! Цундела вайн халкъалахь а чIогIа мах болуш йу оьздангалла. Фольклорехь хилла ца Iаш, кхин а йаздархойн а, поэтийн а дуккха а говзарш хуьлу оьздангалла хьехош, йуьйцуш. Иза йуха а цкъа оьздангалла вайн халкъан цIийца хилар ду аьлла хета.К1орггера г1иллакх — оьздангалла йевзаш, йезаш нах кIеззиг бац вайн литературехь. И вайн халкъан лард хилла, гуттар йиса лууш бу уьш. Дерриге шайн дахар оцу синмехаллашна дIаделла оцу наха, уьш йуьйцуш, уьш хестош. И синмехаллаш муьлххачу стагехь товш йу. Царна тIехь хьалакхиъна стаг ларам болуш хир ву. И иштта мехала хиларе терра, Ахмадов Мусан «ГIиллакх-оьзданга лла» цIе йолуш масех том школехь берашна хьоьхучу программина йукъахь йара. Оццу Iалашонна йазйина а йара и томаш. Иза дацара, вай гIиллакх-оьздангаллина тIаьхьадисина, вайн тIекхуьу чкъор телхина бохург. И школехь берашна хьеха а хьоьхуш, царна цуьнан мах хаийтар а, оцу оьздангаллехь гуттар а уьш чIагIбалийтар а дара. Оьзда стаг ша цхьаъ волчохь а оьзда хуьлу олу. Ша цхьаъ вара аьлла, аьздангаллех ца вуху иза шен леларехь: ша Iачохь а, воьдучохь а, вогIучохь а, иштта, ша цхьаъ бен воцчохь а, шен маттера долу дош а лардо цо оьзда доцучух. Ма-дарра аьлча, оьзда стаг шена сица оьзда хуьлу. И вайн халкъаца иштта хилла хилар а билгалдаккха лаьа. Вайна дукха хезна, «Ша цхьаъ волуш а, логгера нуьйда хуьлура цуьнан даима а дIайуллий, тIехь пазаташ йоцуш, берзина ца хуьлура цуьнан когаш, буьйсанна а цхьана, орцанна мохь тоьхча, кийчча хила веза»,-бохуш,
мичча хенахь мохь ма тоьххинехь араэккха мегар долчу духарца вуьжуш, гIоттуш хуьлуш хилла бохуш баккхийчара хийлазза цхьацца
нах хьехош, оцу нахах дуьйцуш. «Цара и хьехадора, дуьйцура» ,-бохург, хIинца иштта нах бац бохург дац. Иштта нах тахана а бу. Цхьацца долу хIума дукха тIехдаьккхича, оцу адамна дукха ницкъ беш хилахь а, тIехь оьзда хилча, товш хуьлу. (Вай дуьйцург: дийнахь санна, тIе бедарш йуьйхина, буьйсанна шен дегIе сацадаIийтар ду. Иштта хIуманаш кхин а масане ду…
Вайн дайша шайн оьздангалла чIогIа хиларе терра, цхьадолу хIуманашца шайна дукха ницкъ беш хилла)… Цунна тIехь долчу духарца а, цуьнан кечваларца а хадабо оцу стеган мах. Иштта хилла вайн дай. Цхьадолчу хIуманашна тIехь, вайна хьалхара царна тIаьхьа охьадогIу чкъор а ду дуккха
и хIуманаш хIинца а лардеш. Дуккха а х1уманаш догIу оьздангаллина йукъа: гIиллакх, гIуллакх, лерам, тешам, йахь… ХIинцца дагардина и хIуманаш хIораннан а шен-шен кхетамаш болуш хIуманаш ду. Ткъа оьздангалла, и дерриге хIуманаш шена чу лоцуш, бакхий гураш болуш хIума йу.

 

Банжаев Аьрзу