Мотт бацахь — халкъ дац


Республикан массо а школийн расписанеш т1ехь кху шеран январь баттахь дуьйна халкъан дешаран министерствос йукъайалийна йу дешаран керла предмет. Цуьнан ц1е йу «Вайнехан гӀиллакх-оьздангаллин баххаш», Цхьа предмет д1а а яькихина, цуьнан меттана юкъаялийна яц иза, Сахьтийн сетканал сов ялийна. Иза  пхоьалгӀачу классашкахь, кӀиранах цхьа урок а луш, хьеха билгал йина йу. Ч1ог1а нийса, оьшуш сацам бу иза, Дешархо йуьхьанцарчу классашкахь (1-4) волуш, цуьнан цхьа хьехархо ву, дикачух, оьшучух даьцна дийца йиш а, аьтто а болуш. 5-гӀа класс керла т1ег1а йу цуьнан дешаран дахарехь, кхузахь цхьана хьехархочун метта дӀахӀутту 10-12 хьехархо.

ТӀех галдаьлла хӀумма а дац аьлла хета суна предметан дешаран книга а, программа а цахиларх. Иза хьеха лууш хьехархо хилчхьана — программа цо ша а хоттор, шен берашка а. шен таровашка а хьаьжна. Со ала ца гӀерта хьехархойн говзалла лакхайоккху институт 1ад1ен еза. Со филолог вацахь а (математик ву), аса а йолийна и предмет хьеха co болх беш волчу школехь (5-rla «A» a, «Б») классашкахь. Ас сайна хӀоттийнарг тоьлла программа хуьлийла а дац. Йоьхье а ваьлла, а шен белхан пхьалгla йовзийта а лиъна, кхечо яздийр дацара те аьлла йов зуьйту ас иза. Сайна г1олехь, дика хетарг кхечеран про граммаш тӀера аса а схьа- оьцур дара, ас лахахь ялийначу программи тӀехь а цхьаволунна каро тарлора цхьа-

к1езит пайдехьниг.

  1. Ненан мотт – г1иллакх-оздангаллин бух.
  2. Даймахке безам, парг1атонехьа кънйсам.
  3. Бусалба дин. ДогцӀеналла.
  4. Доьзалера юкъаметтигаш.
  5. Вайнехан стогалла, майрала, турпалалла, къонахалла.
  6. Вайнехан сурт-сибатах, т1еюхучу хӀуманах лаьцна.
  7. Хъаша-да т1еэцаран г1иллакх.
  8. Вайнехан гергарлонех лаьцна.
  9. Вайнехан дин (говр) лаpap.
  10. Велла стаг дӀаволларан гӀиллакх.
  11. Вайнехан кицанаш, хьекъале аларш.
  12. Вайнехан тидамаш.
  13. Вайнехан ловзарш (игры).
  14. Вайнехан забарш

ХӀора тема ацхьацца урокехь йийца лерина ю. Дерзоран къамел дан цхьа урок а, тӀаьхьалонан ши урок а йитича дика ҳир ду, йиш а ю кху программица.

Темане хьаьжжина пайдаэцча дика хир ду вайнехан иллех, литературни произведенех. Цхьайолу урок хазйийр  ю уроке кхайкхинчу ко  юьртарчу наха лоруш волчу воккхачу стага, зудчо, тӀеман дакъалацархочо, яздархочо, кхечу, хьещо. Кхин цхьа хӀума билгалдаьккхича нийса хета: урок бераша дика тӀеэцна. Урокан чулацам к1арг беш, хазбеш, тобеш уггар хьалха г1о до кху книгаша: Х. А. Берсановн «ГӀиллакхийн хазна ирсан некъаш», И. Ю. Алироевн «Вайнехан мотт, истори, культура», керла араяьлла «Нохчийн фольклор», ткъа иштта газеташа, журналаша («Даймохк». «Стела1ад». «Орга», «Гумс», и. д. кх.). Масала. «Ненан мотт-гиллакх, оьздангаллин бух» тема йолчу хьалхарчу урокехь со гайта хьаьжира адам кхетош-кхиорехь, цуънан дахарехь нохчийн меттан таро, меттиг, мехалла. Чаг1бан г1оьртира берийн нохчийн матте болу безам. Оърсийн сийлахь воккхачу яздархочо эрна ца аьлла xlapa дешнаш: «Нохчийн мотт уггар хьалдолчу а, мехалчу а меттанех а цхьаъ бу, нагахь хьо иза кхоччуш дика хууш велахь».

Вайна хаьа — нохчийн мотт ца бевзаш ца аьлла Толстойс и дешнаш. Вайн дайшна юккъехь масех шо даьккхинчул т1аьхьа, нохчийн дахар-1ер, иллеш, эшарш девзинчул тӀаьхьа, нохчийн къамелашка дуккха а ладег1начул т1аьхьа аьлла цо иштта. Ткъа вай? Вайна кхин а беза хета беза, хьоме хета беза вайн мотт, ХӀунда оьшу и лерам? Кху деношкахь шен Даймахкахь а, Москвахь а вина 80 шо кхачар билгалдаьккхинчу нохчийн цӀеяххана вевзачу поэта Мамакаев Мохьмада аьлла:

Шен неная мотт халкъо,

сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

цхьаммо а хьошур яц!

Схьахетарехь, бакъ ду кхни цхьаъ» а: шен нана лоручо шен ненан мотт лара а хьакъ бу, шен нана ца лоручо цуьнан мотт а лорур бац ненан мотт ца лоручо нана дара йиш яц.

Мотт адамийн уьйран. юкъаметтигийн, г1иллакх-оьздангаллии г1ирс а, бух а бу. Адамийн хилла ца lа, моссо хӀуманан а бу шен мотт. «Мотт» бу хин, хъуьнан, ламанан, аренан, и. д. кх. Уьш цахааро, адамна шатайпа бекхам бо. Эрна ма ца олу вайи халкъо: «Хьуьнан мотт на хуу стаг хьуьнна чу ваьлча, хьун йоьлху».

Дика а, хаза а, говза а нохчийн мотт буьйцу нах кӀеззиг ца гина суна. Сайн дагахь цецвийлина, вонихавийна со царах. Нохчийн мотт говза буьйцурш бак- кхийчарна юккъехь алсам го. Амма суна цхьаъ бакъ хета: д1адаханчу шераша, хено 1амош бац мотт, хӀунда аьлча, хийла говза, хаза вистхила ца хууш воккха стаг нисло; ц1ена, шера нохчийн буьйцуш тайна, жима стаг нисло. Цхьанна а хӀума ала ца гӀерта со. Безчий бен, хаа а, бовза а йиш яц, лиъча бен шен ненан мотт шашах 1емар а бац цхьана а стагана, Moтт деза дош ду.

Ас берийн тидам тӀехь сацийра поэта Арсавунаев Шайхис «Ненан мотт» це йолчу стихотворени т1ехь «ненан мотт дӀатесначуьнца» дечу къамелана. Шайхис и стихотворени йазйинчул т1аьхьа а поэташа, яздархоша дуккха а яздина нохчийн маттах лаьцна. Делахь а. Арсанукаев  стихотворенин маь1на лахделла дац,  мехалла ехаш ю:

Мерза бу моз санна

Ша безачунна

Ламанан шовданал

Ц1ена бу и.  — боху поэта.

Беккъа шен ненан мотт бу аьлла хестийна бац аьлла хета Арсанукаевс вайн мотт. Ма-дарра аьлча, хаза бу вайн мотт, «йист йоцу хӀорд санна шорта», доттаг1чуьнга вистхуьлуш —  гӀиллакхе, мостаг1чуънга вистхуьлуш — ира герз санна. МаслаӀат далуш мотт бу, хӀора дош а шен-шен меттехь далош бийцича.

Ненан маттах лаьцна дуъйцуш коьртачарах цхьаъ, схьахетарехь, xӀара ду: бераш кхеториг — гӀиллакх долуш. оьздангалла йолуш нохчийн стаг ву ала йиш яц, нагахь санна цунна шен ненан мотт ца хаахь.

Нийса элира дукха хан йоццуш шен къамелехь къоначу поэта Бисултанов Аптис: «Даймохк боцуш хила тарло халкъ. Даймохк боцуш 1ийна вайнах. Амма мотт бацахь — халкъ дац…»

«Нохчо ву со» — ц1е йолчу шен стихотворенехь нохчийн вевзаш волчу поэта Дикаев Мохьмада мотт хаар, цунах дозалла дар тӀаьхьа ца тотту:

«…Нохчийн маттах,

нохчийн махках

берахь дуьйна

дозалла дина…» — ву поэт.

Маттах а, дашах а лаьцначу кицанаша а, хьекъалечу аларша а тойийр ю урок: «Хазачу дашо лам башийна», «Хазачу дашо 1уъргара лаьхьа баккхина», «Хазачу дашо лам дашо бина», «Тоьпо цхьаъ бен да вийна, матто эзар вийна», «Стеган дагapa матто схьадуьйцу», «Аьлча дохковер волу дош, ма ала. «Вон дош къорачунна а хеза», «Дика дош caгla лерина, вон дош къа лерина», «ХӀора дешан а шен меттиг ю», «Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тӀехьа хьажий бен дош ма ала», «Охуш аьлларг-оруш карийна», «Вочу дешан берзан санна йорт ю», «Муш -беха, хабар — доца». «Дукха лер дети делахь а, цалер а ду деши-м.

Доцца аьлча, къам-къам хилла латториг, халкъо ша 1алашбахь, ша халкъ а 1aлашдийр долу гӀирс бу вайн мотт.

 

ГАЙТУКАЕВ Асламбек,

Комсомольски юъртарчу юккъерчу школан директор. Гуьмсан район