«Даймохк вайна цхьаъ бен ца белла…» Сулейманов Ахьмадан поэзех цхьа-ши дош


Сулейманов Ахьмадан кхиаран, гIеметтахIоттаран хан нисйелира ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь. И шераш нохчийн халкъан керлачу исторехь цуьнан просвещенехь, советски интеллигенци кхиайоларехь хьалхара  жигара гIулчаш йоху шераш дара. 1920-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь а, Нохчийчохь а чекхбелира Граждански тIом. Дуккха а йохийний, йагийний йарташ, байъинчу нехан бухадисина буобераш, йохийна дIайаьккхина экономика. И хьал дара Нохчийчохь Сулейманов Ахьмад бер долчу хенахь. Цу хенахь хиллачу дахаран кIоргене гIоьртина хьаьвсича вайна гучудер ду: халкъехь хилла болу уггаре а коьрта эшам – иза оцу халкъана йоза-дешар цахаар бара. Оцу хьоло нохчийн халкъ цу хенахь лулахь дехачу халкъел уггаре а тIаьхьа дитинера. Йоза-дешар цахаарна шен хьашташ кхочушдан ка ца долуш дара нохчийн халкъ. Амма дIайаханчу исторехь шена тIехIиттинчу халонашна дуьхьала лаьттина нохчийн халкъ хIинца Советийн Iедало йеллачу паргIатоно йукъаозийра махкахь шуьйра дIаболийначу культурно-просветительски балхана.

И болх бара хIетахь оцу халкъана йуккъера бевллачу хьалхарчу интеллигенцин коьрта тидам тIебахана лаьттинарг. Царах вара, масала, Эльдарханов Таьштамир – хIетахь, 20-чу шерийн хьалхарчу эхехь Нохчийн автономни областан ревкоман а, облисполкоман председателан а болх бинарг.

Цо дукха къахьийгира Нохчийчохь школаш схьайоьллуш, буоберашна деша а, чохь Iен а меттигаш кечйеш, белхан факультеташкий, Советийн Союзан лаккхарчу дешаран заведенешка нохчий деша хьийсош, нохчийн Iилма а, керла культура а дIахIоттош а, кхиош а.

1923-чу шарахь нохчийн маттахь кхоллайеллачу литературехь баккхий кхиамаш бохуш, йерриге а аьлча санна жанрашкахь болх беш вара Бадуев СаьIид, тIаьхьа – Мамакаев Мохьмад, Арсанов СаьIид-Бей, Ошаев Халид, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад, 30-чу шерашкахь церан могIаре дIахIиттира Музаев Нурди, Айсханов Шамсудди, Мамакаев Iаьрби. 30-гIа шераш чекхдовлуш литературина йукъавеара тIаьхьо шайх гIараваьлла йаздархо хилла волу Сулейманов Ахьмад, Сулаев Мохьмад.

Мамакаев Iаьрбий, Сулаев Мохьмаддий, Сулейманов Ахьмаддий йаздан волалучу хенахь (30-чу шерийн шолгIачу эхехь) оьрсийн поэзина патриотически тема шуьйра йукъайеана хан йара. Цуьнан бахьана дозуш дара Европехь Гитлеро тIемаш болабарца а, цо СССР-на тIелата кечам беш хилла хиларца а.

Ша-шех кхеташ ду нохчийн поэташ оцу хиламашна сема хилла хилар. Нохчийн поэзина а йукъайогIу патриотически теманаш. Нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Ленинхо», «Ленинан некъ» газетийн агIонаш тIехь арайийлира вай цIераш йаьхначу а, кхечу къоначу а поэтийн патриотически дог-ойланех йуьзна дукха стихаш. Царах дукхахйерш Советийн эскарехь гIуллакх деш хиллачу нохчийн къонахашна лерина йазйина йара.

ЦIераш йаьхначу кхаа поэтан кхоллараллица доьзна ду, къаьсттина Мамакаев Iаьрбин цIарца, нохчийн поэзина лирикин жанр йукъайар. И хан тIекхаччалц нохчийн поэзи, кхечу халкъийн поэзи санна, колхозийн белхийн, Советийн Iедалан хазалла йуьйцуш йолу социально-политически лирика йара. Нагахь санна, Мамакаев Iаьрби 1940-чу шарахь «Теркан тулгIе» цIе а йолуш шен стихийн гулар арахеца кхиънехь (иза Ахьмадал 4 шо воккха вара), Ахьмад иза дан ца кхиира: 1944-чу шарахь шен халкъаца Казахстане дIавигначу Ахьмадах цигахь поэт хилира, аьлча а, цигахь нохчийн халкъо хьоьгу Iазап, бала а гаро кIаргйира цуьнан дахарх, дуьненах йолу ойланаш.

Делахь а, шен поэзин киншка арахеца сих ца лора иза. 1957-чу шарахь Казахстанера шен Даймахка цIавеана Ахьмад нохчийн берашна школехь нохчийн мотт, литература хьеха хьехархочун болх бан волавелира. Хьалха-МартантIехь, Олхазар-КIотаран школашкахь директоран белхаш бо цо.

1967-чу шарахь арайелира цуьнан «Безаммий, шаьлтий» цIе а йолуш дуьххьарлера стихийн, поэмийн гулар. Вай лакхахь ма-аллара, Сулейманов Ахьмад лирик вара. ЦIе йаьккхинчу гуларна йукъайахара цо ша Даймахка цIавирзича йазйина стихаш. Уьш, цуьнан кхечу нийсархойн стихаш санна, Даймахках хьегна, цунна сагатдина шаьш хиларе терра, цуьнан хазаллех, цо луш йолчу синпаргIатонах лаьцна йазйина йара.

Амма цуьнан стихийн, поэмийн чулацам, дахаран философи, йозанан хатI цхьаьннан поэтан доцчу кепара дара. Ша пондар тIаьхьа а балош цуо локхучу эшарша, олучу иллеша ладоьгIучеран дог ира-карахIиттадора, ойланашка а бохура дахаран маьIнех кхета гIерташ.

Амма Сулейманов Ахьмадана шатайпа гора стеган дахаран Iалашо, цунна Даймахко хьалхахIиттош долу декхарш, стаг шен халкъана хьалха декхарехь хила везаш хилар, шен ойланашца, сица цIена хила везаш хилар и тайпа волчу стеган васт кхуллу Сулейманов Ахьмада шен дукхах йолчу стихашкахь.

 

Лойша суна шийла шовда,

Амма цIена шовда ло!

Адмийн дегнаш чуьра мекха

ДIаяьккхина цIандийр ду.

 

Лойша суна, безам лойша,

Амма сирла безам ло!

Дерриг халкъаш, барт цхьаъ бина,

Бертахь даха ховшор ду.

 

Лойша суна сийна стигал,

Амма цIена стигал ло!

ХIай адамаш! Лаьттахь, стиглахь

Ас машар дIахIоттор бу!

 

Лойша суна, аш ирс лойша,

Дуьненнал ирс суна ло!

Сайна пайда цунах ца беш,

Шуна ас и дIалур ду!

 

Даймехке сайн безам гайта,

ДоттагIий, аш таро ло!

Цуьнан дуьхьа муха веха,

Муха ле ас гойтур ду!

 

Деррие а адамийн бала кхаьчна, царна шен ирс дIадала, уьш бертахь дахийта, Даймахке болу безам кхин а кIаргбан, цуьнан дуьхьа вала а кийча волу лирически турпалхо нохчийн поэзина йукъавалийра Сулейманов Ахьмада.

И турпалхо шен ойланца, шен вахарца нийсонан, бакъдолчун, оьздангаллин лай ша хиларе терра нехан хьашташна вехаш ву.

 

Ницкъ болчо гIело еш

Шел эшначунна,

Кхерстара сан дегIехь

Нийсонан цIе,

Харцонах чекхдовлий,

Тоьпан хIоъ санна,

Ма кхочура сан дош

Бакъонна тIе…

 

Ма дохковаьлла со,

Ма дохкохваьлла!

ДIаала дезачохь

Цкъа дош ца аьлла!

Тоьллачо гIийланиг

Харцонна хьийзош,

Бехказа ца вуьтуш,

Ницкъаца хьийзош…

Ма дохковаьлла со,

Ма дохковаьлла!

ДIаала деззачохь

Цкъа дош ца аьлла!

 

Доьналла долуш ву и турпалхо, комаьрша ву иза. Цо «гIуллакх дина шел гIийлачарна: тIехаа дин белла, делла герз, шех дийца хастаме дош дуьтуш, комаьршо хестаеш, бекийна мерз…».

Амма «кIеззигчу хIуман тIехь цкъа осал ваьлла»  дохковаьлла иза:

 

Цкъа, чIогIа гIо эшна

Суо волчу веънарг,

Тергал и дIа ца веш,

Вухаверзорна

Дохкохваьлла турпалхо:

 

Адамийн хьашташна

Iуьйренца гIоттий,

Малх кхетале хьалха

Воьдура со,

ГIуллакх дар ца хилча,

Хуьлуш син гатто,

Со вецаш дIадаха

Сан кхузткъа шо.

 

Амма «цкъа цхьаьннан гIуллакхна ара ца ваьлла, йезаш йолчуьнга сонта дош аьлла, кIеззигчу хIуман тIехь цкъа осалваьлла, цхьалхха цкъа малхана дуьхьал ца ваьлла».

 

Ма дохковаьлла со,

Ма дохковаьлла!

 

Бакъволчу нохчийн къонахчун васт диллина Сулейманов Ахьмада оцу стихотворенехь. Бакъволу нохчийн къонаха хила а хилла поэта диллинчу лирически турпалхочун вастах тера: шеца кIезиг хIума доцуш, нехан муьлххачу а гIуллакхна мокхазан берд санна, бIо ца къажош, дIахIуттуш. Ма-дарра аьлча, шен ойланаш, шен васт ду Сулейманов Ахьмада оцу стихотворени тIехь диллинарг.

Къонахийн васташ, къонахаллин тема йу даима Сулейманов Ахьмадан коьрта тидам шайна тIеийзош йерш.

 

«Къонаха мила ву? И меллац веха?» –

Хаьттира ахь соьга шуьнехь Iаш вай.

– Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!

ХIар дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай!

 

Ламанца дин лелац, ца хилча ленаш,

Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин…

Иштта бу къонахий хIара дуьне латтош,

Къонахий дIабевлча, духур ду и!

 

Къонаха дахаран синпхенийн мерз бу!

Къонаха – дуьненан гIайгIанийн шад!

Цо ларйо дахаре вайн йолу марзо!

Къонаха – пха кхосса дуьйлина Iад!

 

Къонах вехийца Даймехкан сийнна.

Даймехкан сий лардеш вала а и ле!

Ле иза, кхин ваха ца лууш санна,

Лен воцчу сийлалле кховдаеш цIе!

                   («Шуьнехь дош»).

 

И тайпа къонахий Сулейманов Ахьмад ваьхначу шерашкахь а болуш бара. Цкъа-делахь, цо школашкахь хьехархочун, директоран белхаш бечу шерашкахь советан Iедало башха къобалдеш дацара берашна нохчийн мотт хьехар. Иза хьеха а беза, школашкахь оцу маттана лерина долу сахьташ алсамдаха а деза, аьлла уггаре а хьалха Iедале дIахаийтинарг Сулейманов Ахьмад вара. Iедална ца дезара Сулейманов Ахьмада цу хьокъехь лаьцна дуьйцург. Иза Iедало хьийзо волийра, амма къар-м ца вавелира иза Iедале.

Шен кхоллараллин а, дахаран а некъ кхачо герга бахча Ахьмада йазйо нохчийн поэзехь цкъа а ца хилла философи олуш поэма «ЦIе книга, йа Ieса поэма». Оцу произведенех лаьцна леррина литературоведчески болх йазбан безаш бара, цуьнан кIоргенан кIоргене а гIерташ, хIунда аьлча цуьнан сюжет а, цуьнан мотт а, цуьнан философи а, йаздаран хIатI а цхьана а поэтан ца хиллачу кепара ду. Кхузахь, ала дашна, Ахьмада кIаргйо ша «Къонаха мила ву…» стихотворенехь къонахчух лаьцна ен ойланаш:

 

ХIей, къонах!

Хьо стенна веана хIокху дуьнен чу?

       – Суо меца Iийна а, нах бузо!

Суо верзина Iийна а, нах буоха!

Суо хьогах Iийна а нах чам – мерзачу муттанех, хих Iабо!

Cуо дакъазваьлла а, нах декъала хилийта!

Нах ирсе а бина, нехан ирсех воккхаве, суо ирсе хила!

Суо велла а, нах бахийта!

Дуьне, дахар хаздан, дазда!

       – Декъала хуьлда хьо!

 

50-чу шерийн шолгIачу эхехь – 60–70-чуй шерашкахь (1973-чу шеран хьаьттан (август) беттан 1-ра де тIеккхаччалц) интеллигенцин тхьамда вара ала мегар ду тахана Мамакаев Мохьмадах. Ткъа шарахь гергга лаьцна чохь ваьллина, Къилбаседан лагершкахула чекхваьлла вара йаздархо, поэт, публицист, йукъараллин гIуллакххо Мамакаев Мохьмад. Цо, оза а ца луш, Ошаев Халида санна, дуьхьало йора оцу Iедална, нохчийн истори, мотт, культура сийсазйечарна. Мамакаев Мохьмад оцу хенахьлерчу наха лоруш, оцу нахана гIоьнна кийчча лаьтташ вара. Цунах наха и «наж санна стаг ву» олура. Цуьнан вастах тера хета Сулейманов Ахьмада «Борз ю угIуш» (Мамакаев Мохьмадна) стихотворенехь диллинчу нажан васт.

 

Борз ю угIуш дера-дера.

Дарцо тIаьхьара лоькху йиш.

ДIай-схьай лестош, дитташ тIера

Цо, каетташ, доху гIаш.

 

Къона синтарш мохна хьалха,

Шарлуш лаьттахь, дийши дIа.

Ткъа турпал наж бодац шалха,

Буьрса дарц цо доьху схьа.

 

Стигла лестарх, и ца кхоьру:

Лаьттах чIогIа ийна бу.

Кхин цхьа а ницкъ цо ца лоьру, –

Дахаран ницкъ боккха бу!

 

Синтарш лардеш, стелахаьштиг

Уьйзира цо шена тIе.

Метта кхетта, отуш бIаьштиг,

Ножах латий сийна цIе.

 

Гондхьачарна маршо яккха

Хьуьнар долчо хало лов.

Дахар иштта дебац тIаккха?

Хиллий толам, йоцуш чов?

 

Гуш ма-хиллара, Iаламан сурт поэзин гIирсашца (метафора, иносказание, аллегори и.д.кх.) кхолларца поэта диллинарг къонахчун васт ду. Цо бен ца лов хало «гонахачарна маршо йаккха».

Нохчийн поэзехь, 1957-чу шарахь дуйна схьа (Нохчийн автономи меттархIотторан шо), уггаре а кхиамца хIоттош долу сурт – Iаламан сурт ду. Кхузахь, дуьйцийла а йоцуш, халкъан бартан кхоллараллехь халкъо бIешерашкахь ша Iаламе бинчу тидамо кхоьллина суьрташ поэзин гIирсашца билгалдахаран ламастех поэташа пайдаэцар дара. Цензура уггаре а марсайаьллачу хенахь шайн ойланаш, ала дагадеана дош, кхолла дезаш долу васт нийсса дIа ца олуш, хьулдан дезаш бара поэташ Советийн Iедал лаьттинчу хенахь. Оцу муьрехь Iаламан сурт хIотторца дуьйцу цара нийсса дIаала йишйоцург. «Ткъа турпал наж бодац шалха, буьрса дарц цо доьху схьа», – иштта кхоьллира Сулейманов Ахьмада Iедало хьийзош волчу, амма къар ца веллачу Мамакаев Мохьмадан васт. Йа хьовсур вай Сулейманов Ахьмадан хIокху могIанийн чулацаме:

 

Акхарой, олхазарш нисло бертахь,

Кхерамехь вовшашна цара гIо до…

Iаламехь дерриг а ду-кх шен-шен меттехь,

Тешнабехк вон хилар хьанна ца го?

(«Сай»).

 

Сулейманов Ахьмад санна Iаламан хазалла а, цуьнан амат а, цуьнан бес-бесара суьрташ а девзаш, цаьрга дукха тидаме хьежна поэт вацара нохчийн литературехь. Лаьмнашкахь ван а вина, Iаламна йуккъехь кхиа а кхиъна, ткъа воккха хилча ша нохчийн Iилманехь дуьххьара гулйира, зорба а туьйхира «Нохчийн топоними». Цу тІехь болх беш, гIаш йерриге а Нохчийчоь, де-буьйса а ца лоьруш, волавелла а лелла, хIора ломан, Iаннийн меттигийн, тайпанийн цIераш дIа а йазйина стаг вара Сулейманов Ахьмад. Цунна санна стеган дахарехь нохчийн гIиллакх-оьздангаллин маьIна дика хууш а хир вацара мил-милла а. Цундела ду цо хIоттош долу Iаламан сурт хаза а, шен кIорггера маьIна долуш а:

 

Iаьржа буьйса, буьрса буьйса.

Дарцо левси кхийсайо.

Дино лергаш дуьхьалтуьйсу,

Халчу новкъа вогIу со.

 

Сан бора дин ма кIайбелла –

Дарцо тIе хIур биллина.

Ломахь тхойшиъ некъах тилла –

ХIусмах ас дог диллина.

 

Цецах санна, гIиттош верта,

Сох чекхбуьйлу шийла мох,

Тхойшиннех шен пхьор дан гIерташ,

Барзо бIаьргаш къегабо.

 

Сан дин, сой, шиъ дарцо гIорош,

Шело даге кхийдайо, –

Хьеше кхойкхуш цхьаьннан-м корехь

ГIийла серло еттало.

 

Барзах, къуьнах хьаша къасто

Iамийна вайнехан пхьу,

Генна дуьхьалдогIий, хьоьстуш

Тхойшинна некъ хьоьхуш ду…

 

– ХIей, нах! – олий, ас мохь туху.

Корехь серлаболу чиркх.

Вевзаш вацарх, ломахь наха

Даим оьцу хьаша чу.

 

«Беркат шорта хуьлда хьоьца!

Воссал динара, хьаша, хьо!» –

Олуш, онда луьйта лоций,

ХIусамдас со воссаво.

 

«Дела ва хьо могуш-маьрша!

Ма гIелвелла хир ву хьо!

Кху тхан тишчу хIусмах вашахь,

Даккхахь тхоьца дийнна шо», –

 

Олий, йоьлуш, дуьхьалйогIу

Нохчийн оьзда хIусамнана.

Шарахь цаьрца Iан дог догIу,

Ваха деззашехь сан кхана.

 

Вайн кхерчарчу цIарочул а

Хьаша вохвеш, йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла!

Ду вайнехан оьзда дош!

(«Дог дохден цIе»)

 

Iаламо, бакъ а долуш, стеган дог-ойла цIанйо, синхаамаш кIаргбо. Сулейманов Ахьмадан безаман лирикехь къеггина хаало иза. Поэта, безамо самайаьхна шен ойланаш Iаламан суьртех тарйо: метафорша, дустарша хоуьйту вайна мел кIорга хилла лирически турпалхочун йезачу йоIе безам, мел цIена хилла цуьнан йоIаца хила йеза йукъаметтиг, мел хаза дуьллу цо йоьIан васт:

 

Орцан дукъахь дато маIаш

Туьйсуш, батто сагатдо…

ЦIестан кIудал нохчийн йоIа

Шовдана кIел сецайо.

 

Хета, баттах схьадухдуьйлуш,

КIудал юзу шовдано.

Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,

ЙоIах хьерчаш, цу батто.

 

КIудал юьзна… Iанаоьху

БIаьрхих тера дато хиш.

Ткъа, йоI гича, дог а лехий,

Нохчийн кIанта лоькху йиш:

 

– ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,

БIаьргийн нур ло суна хьайн!

 

Маржа! ХIинцца доцу кема

Ткъесах гIатта космосе!…

Маршал хатта, даржош тIемаш

Хьол генарчу седане!

 

Лоцур дар-кха стелахаьштиг,

Стигла кхарсто сийна цIе,

Стиглан дари цIарца дагош,

Хьан цIе язъян цунна тIе!

 

ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,

БIаьргийн нур ло суна хьайн!

(«Батто сагатдо»)

 

Поэт безамах воккхавеш а, безамо кIорггера човхийна а вара. Дуккха а берашца ша висина, ма-дарра аьлча, безамах хьегна а вара. Дахарца йолу марзо кхоччуш йуьзна ца хуьлу стеган иза безамо вохвина а, хьистина а вацахь. Хьовсал шу, кхоччуш ца хиллачу безамо йитина мел къаьхьалла йу хIокху «Весет» ц1е йолчу байтехь:

 

Вовшийн хила доьгIна доцуш,

Дуьне дисар сох хилахь,

Хьуо езнариг дагалоцуш,

Цкъа сан коше ялалахь.

 

Сох дисина дуьне делхош,

БIаьрхиш охьа ма хецалахь.

Къа ца хеташ, дог ца лозуш,

Екхалой а хIотталахь.

 

Безам буьйцуш байташ язъеш,

Чурт кхала ма гIерталахь.

«Хьо чекхвели!» – охкуш, яздай,

Цхьа акха тIулг богIалахь.

 

Цу тIулга тIе хIора сарахь

Цхьа олхазар хуьйшур ду…

Безам хестош и декарехь

Хьан дог доьлхуш хезар ду.

 

Вовшийн хила доьгIна доцуш,

Дуьне дисар сох хилахь,

Хьуо езнариг дагалоцуш,

Цкъа сан коше ялалахь.

Сулейманов Ахьмадан поэзин шуьйрачу а, кIорггерчу а чулацамах доцца ала гIоьртича, билгалдаккха мегар дара цуьнан поэзин йозалла а, мехалла а йинарг йу цо Даймехкан, къонахаллин, доттагIаллин, безаман сийлахьчу кхетамийн философи цхьамма а ца йийцинчу кепара йовзийтар. Бакъволчу къонахах бен бакъволу а, тешаме а доттагIа хуьлуш вац («Борз йу угIуш»), цIеначу а, хьаналчу а безамо бен стагах къонах веш вац – («Безаммий, шаьлтий» поэма), – деза а, таханлерчу чолхечу дахарх чIогIа пайдехь а дешнаш ду поэта дуьйцурш.

Цхьана-шина дашца аьлча, иштта йу Сулейманов Ахьмадан кхоллараллин коьртачу теманийн цхацца агIонаш. И кхолларалла шуьйра а, кIорга а йу. Вайн литературоведенехь, халахетарца ала деза, цуьнан кхолларалла, кхечу дукхахболчу йаздархойн кхолларалла санна, кхоччуш мах хадоза йу.

…Шатайпа доккха похIма долуш а, дог цIена а, къоман, цуьнан тIехиндолчун бала болуш а болчу йаздархошна йукъа нисвелира со сан ирсана университет чакх ма-йаьккхина «русская и зарубежная литература» кафедран ассистент витина волу, Iилманан-талламан институте балха валийна волу жима стаг. Йаздархойн союз а, институт а цхьаьна чохь йара. ТIехь да воцуш кхиъна волчу суна чIогIа мехала дара церан къонахийн некъ бовзар а, цара со, жима ву аьлла дIа ца тоттуш, шайна тIеийзор, шайн деган йовхо суна йалар а. (Арсанов СаьIид-Бей, Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Музаев Нурди, Хамидов Iабдулла) Мамакаев Мохьмада кест-кеста вуьгура со шеца Олхазар-КIотара Сулейманов Ахьмад волчу сакъера).

Ахьмадца цхьаьна шозза нохчийн литературин хрестомати хIоттийра охашимма, 9–10-чуй классашна лерина йолу.

 

Иштта ду-кх дахар…

         Иштта ду-кх Iалам а,

Адам а.

         Бехдан гIоьртича, бех а ло,

         ЦIандан гIоьртича, цIан а ло,

         Лакхадаккха гIоьртича,

         Сий а хуьлий,

         Даржехь дазлой,

Лакха а долу,

Лахадаккха гIоьртича,

Сий а дой,

Даржехь дай а лой,

Лаха а долу…

 

 

Хь.В.ТУРКАЕВ,

филологин Iилманин доктор, профессор