«Атта дац хьехархочун болх бан»


Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьана долуш, кхидолу дакъош санна, хан мел йели а толуш схьадог1уш ду вайн махкахь дешаран дакъа а. Цунах дерг а, хьехархочо адамийн дахаре йуьллучу мехаллех а, дешаран хьокъехь кхидолчух а шена хетарг дуьйцуш жоьпаш делира тхуна, школехь волчу хенахь нохчийн меттан а, литературин а сан хиллачу хьехархочо, Шеларчу йахархочо, къинхьегаман ветерана, НР-н хьакъйолчу хьехархочо Абдырашитова Маьлх-Аьзнис.

 

– Карарчу хенахь а хала декхарш лорий ахь хьехархочунна хьалха лаьттарш?

Муьлххачу хенахь а, экаме, йаккхий чолхаллаш йолуш хилла хьехархоша кхочушдийриг. Т1екхуьуш йолу къона т1аьхье кхетош-кхиор царах дозуш ду. Зама а, заманан лехамаш а мухха хилча, бакъволчу хьехархочунна хаьа, арарчу вуочу т1е1аткъамах лар а деш, берех мехкан буьззина патриоташ бан. Х1ума хааро, хаа лааро, дешаро веш ву стагах стаг.
1илма дацахьара адамийн дахар беса а, беркъа а хир дара. 1илма, жима воллуш, мукъа хан алссам йолчу хенахь 1амон дезаш ду. Воккха мел хуьлу а цунна д1айала хан а, и 1амон лаам а к1езиг хуьлу. Цундела къаьсттина мехала ду берашна школехь говза хьехархо нисвалар. Цуо берриге а ницкъ, хьекъал, кхетам, хаарш, дог-ойла т1ейерзайо дешархошна. Цунна хаьа, тахана ша ца делла долу хаарш, цунна довзаза дуьсур дуйла. Цундела, ша ца кхоош, хьалха Делан дуьхьа а, шолг1а оцу берийн дуьхьа а, доггаха, хьанал къахьоьгу ишттачу хьехархочо. Берашна иза ган а го. Т1аккха, цара цуьнгара хаарш схьаэцна а ца 1аш, дика, хаза г1иллакх а схьаоьцу. Оьздангалла, адамалла хилар ду хьехархочуьнгахь уггаре а дезаниг. Иштта шегарчу масалца кхетош-кхион деза цуо бераш.

Ас 53 шарахь берашна хьехна, сайн 17 шо кхаьччахьана берашна хьалха хилла со, цхьа де йукъах а ца долуш. Иза, суна хетарехь, к1езиг хан йац. Доцца аьлча, нохчийн маттаца, къомаца доьзна мел дерг дезаш а, цуьнца дегайовхо лаьтташ а хилла со жима йолуш дуьйна. Суна ч1ог1а дукхайеза халкъан барта кхолларалла, дешархойн тидам цу т1ехь латтабора ас — царна хаза а хетара кицанийн маь1наш, х1етал-металш далош, дахарера керла х1уманаш дуьйцуш. Цхьа урок д1а ца йоьдура сан дешархошна керла кицанаш, х1етал-металш ца далош, дахарера керла х1уманаш ца дуьйцуш.

Боккха пайда ло фольклоро дешархой кхетош-кхиорехь, цундела цуьнца даим а з1е латтош хила веза хьехархо. Йовзийта йеза кицанийн хазалла, церан нийса а, тардина а маь1на, х1етал-металийн хьекъал мел доккха ду, иштта нохчийн маттаца доьзна мел долу х1ума а дийца деза хаддаза. И мел долу х1ума суна жима йолуш дуьйна дезна ду, цундела к1орда а ца беш, бина ас айса т1елаьцна болу болх. Оццул шерашкахь болх бинехь а, цкъа а сайна дерриге а хаьа аьлла ца хетта суна. Дерриге а хаьа аьлча, иза бакъ дац, б1е шарахь вахахь а керланиг 1амон а, х1ума довза а г1ерташ хила веза милла а.

    – Таханлерчу аьттонашца дуьстина аьлча, муха лору ахь вайн махкахь дешаран хьал?

Тахана, Дала мукълахь, де-дийне мел долу т1етт1а нислуш, толуш д1ах1уттуш ду вайн дахар, школашкара кхо смена д1айаккха г1ерташ, керла школаш йеш, де-буьйса а доцуш, къахьоьгуш вайна масал хилла лаьтта вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан. Дала 1алашвойла иза! Цуо дешаран декъехь беш болчу белхан буьззина мах хада а лур бац вайга.

    – 1едалера хуьлуш долу баркалла доцург (совг1аташ), кхин х1ун ду аьлла хета хьуна хьехархо шен балхах воккхавеван?

«Хьалхалера хьехархойн» олуш хеза, наха школах лаьцна къамел дечохь. Церан т1ег1а лекха хилар билгал а доккху х1оразза а, 1едалерчу совг1ател, къийсамашкахь йаьхначу меттигел деза а, сийлахь а дарж ду наха дика ц1е йаккхар. Цхьа а шеко йоцуш, Дела реза хинволу болх бу хьехархоша бийриг: берашна 1илма хьехар, уьш ийманехь, г1иллакхе хила 1амор. Х1ун хир ду цул деза?
Таханлерчу дийнахь хьехархоша шайна зеделларг, шайн говзалла берашна д1алуш хилахь, вайн къона т1аьхье ийманехь кхуьур йу. Т1аккха вайн дахар самукъане а хир ду, йукъаралла могаш а хир йу. Атта дац хьехархочун болх бан, хийла стаг хеназа къежвина цуо. Бакъду, хьехархо воцуш хуьлийла дац лор, йа инженер а. Уллохь бакъволу хьехархо ца нислахь хуьлийла дац адамашкахь адамалла а. Дала цунах кхета хьекъал а, собар а лойла вайна!

МАТАГОВ Ихьсан.

(Шела к1оштан «Зама» газетан редакци)