Соьлжа-ГӀаларчу Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь дӀабирзина Республикин телевизионни «Синмехаллаш» фестиваль-къовсам.
Къовсаман толамхой билгалбахарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Кадырова Ӏайшата а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, Нохчийн Республикин культурин министра Ибрагимов Ӏийсас а.
«Къоман Ӏадаташ, гӀиллакхаш, иллеш, хелхарш, амалш, дийцарш диц ца далийтар коьрта Ӏалашо йу «Синмехаллаш» къовсаман. Тахана финал дӀайаьхьна, толамхой билгал а баьхна. Суна хазахийтира Веданан кӀоштана хьалхара меттиг йаккхарна айса совгӀат дӀалуш», — аьлла Кадырова Ӏайшата.
Иштта ду финалан жамӀаш:
🥇Веданан кӀошт;
🥈Шуьйтан кӀошт;
🥉Шелан кӀошт, Нажи-Йуьртан кӀошт.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера хьалхара меттиг йаьккхинчу тобана 1 млн сом а, шолгӀа меттиг — 500 эзар сом, кхоалагӀа меттигаш — 300 эзар сом а ахчанаш делла.