Соьлжа-Гӏалин Эсамбаев Махьмудан бульвар йуха а декорацин таьжнашца кечйина. Цу хьокъехь хаам бина пачхьенан мэрехь.
«ХӀора а шарахь Соьлжа-ГӀалахь Россера а, арахьара а бӀеннаш эзарнаш туристаш хуьлу. Хьеший цецбуьйлу пачхьенан хазаллех а, цӀаналлех а, нохчийн халкъан леларан культурех а. Дукхахболчара шайна йуха а кхуза дахка лаар билгал а доккху.
Эсамбаевн бульвар хьешашна а, республикин бахархошна а дукха йезачу меттигех цхьаъ йу. Кхузахь дӀабаьхьна гӀаш лела меттиг кечйаран белхаш. Кху шарахь иза кечйарехь йуха пайдаэцна хьалаухкучу таьжнех», – йаздина мэрехь.
Цигахь билгалдаьккхира, бульвар кест-кеста тайп-тайпанчу агӀор кечйеш хилар. Хьешашна а, бахархошна а хетарехь таьжнашца хазйар чӀогӀа тайна хуьлу цигахь.
