Нохчийчуьра 700 меттиг цIинйина


Нохчийн Республикехь жигара дIахьош бу «ХIусамаш а, гIалин хьал а» къоман проект кхочушйаран белхаш. ГIалара хьал долу меттигаш йеш йу Нохчийчоьнан йерриге а кIошташкахь. Нохчийн Республикехь цIиндаран проекташ кхочушйаран коьртачу некъех лаьцна дийцира Нохчийн Республикин гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а, энергетикин а министра Зайпуллаев Муслима цIиндаран Йерригроссин «Импортан метта.

Россехь йина 2024» форумехь. Иза Москва гIалахь дIайаьхьира 2024-чу шеран лахьанан беттан 11–12-чуй деношкахь. Пленарни сессехь доклад йеш М.Зайпуллаевс билгалдаьккхира «Аьхна гIалин хьал даран» федеральни проект кхочушйаран гурашкахь Нохчийн Республикехь жигара болх беш хилар. «ХIора шарахь
гIалара хьал долу меттигаш йеш йу республикин йерриге а кIошташкахь федеральни программица. Программа болх бан йолайелчахьана дуьйна регионехь цIинйина 700 гергга меттиг», – элира цо. Зайпуллаев Муслима
аьлла ма-хиллара, меттигаш хоржу бахархошна лууш долчунна тIе а тийжаш. «Нохчийн Республикин
Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца проектана йукъайахийта меттиг
харжар а, хинйолчу меттиган концепци харжар а дIахьо бахархойн хьашташ, лаамаш хьесапе а оьцуш.
Йукъараллехь дIадаьхьначу дийцарийн а, рейтингин кхаж тасаран а жамIашкахь хаало республикерчу бахархойн гIалара хьал долу меттигаш берийн а, спортан а майданаш йолуш хилийтаре хьашт хилар. Цуьнца доьзна, бераш долчу доьзалшна садаIа меттигаш йар проекташ хIитторан бух бу», – элира цо.

Форуман гурашкахь эксперташа иштта дийцаре дира Нохчийн Республикерчу Гуьмсан кIоштахь меттигаш тойеш-хазйаран проекташ кхочушйарехь зеделларг, ша аьлча, йукъараллин меттигаш тойешхазйарца аьхна хьал кхолларан технологеш.

М.ДАМАЕВ