Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо рог1ера йоккха акци д1айаьхьна Нохчийчохь


Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо гӀоьналлин рогӀера акци дӀайаьхьна республикехь. Иза тӀехьажийна йара чолхечу хьелашкахь бехачу доьзалшна гӀо дарна.

 

Акцин гурашкахь республикин кӀоштийн бахархошна жижиган дакъош а, котамаш а, бепиг а дийкъира.

Регионан бахархоша баркаллин дешнаш элира Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, РОФ-н Президентана Кадырова Айманина а гуттар а гӀо деш хиларна.

 

Билгалдаккха догӀу, акци дӀахьош республикехь 140 эзар котам а, 70 бежанан жижиг а, 400 эзар бепиг а дӀасадекъна хилар.