Оцу хеначохь эзарнаш доьзалийн Ӏер-дахаран хьелаш тодина, миллионаш нахана ахчанашца а, социальни а гӀо дина. Фондан гӀоьнца эзарнаш объекташ йина, тойина.
Коронавирус йаьржинчу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо гӀоьналлин йаккхий акцеш дӀайаьхьна. Оцу хенахь кхечу мехкашкахь а, Россин субъекташкахь а, Нохчийчохь а болчу гӀийла бохкучу нахана 3,5 млн сурсатийн гулар дӀасайекъна. 130 эзар доьзална ахчанашца гӀо дина.
Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь бехачу мискачарна а хаддаза гӀо до. РОФ Россин хьалхара организаци йу, йаа хӀума йоцуш, гӀийлабохкучу сомалийцашна гӀо дина йолу. Цига бӀеннаш тоннашкахь сурсаташ, тӀейуха хӀума, медицинин гӀирсаш, кхийерг а йахьийтина.
Фондо хаддаза гӀо латтош ду палестинин халкъана а. Вайн махкахь вехаш 209 мухӀажар ву цигара. Царна чохь Ӏен меттигаш нисйина, белхан меттигаш нисйина, бераш деша дахийтина. Сих-сиха ГӀаззе гуманитарни гӀо дохьуьйту.
Къаьсттина терго йеш йу тӀеман лерринчу операцин хьашташна. Фондан чоьтах оьцуш йу тоьлла техника, бӀаьхошна сурсаташ, медицинин гӀирсаш, кхийерг а. Иштта долу беркате гӀуллакхаш дар бахьана долуш Европин Союзо а, Ӏамарко а шайн санкцеш йукъа йахийтина Кадырова Аймани.