Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилира Ахьмад-Юьртахь хаарийн денна лерина дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
И гӀуллакх дӀадаьхьна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу лоьмар 1 йолчу школехь.
«Ас даггара декъалбира дешархой а, хьехархой а дешаран шо дӀадоладаларца. Тахана вайн республикехь хьалхарчу классе доьдуш 30 эзар гергга бер ду. Хазахета тӀекхуьу тӀаьхье Ӏамон кхоьллина тоьлла хьелаш долуш – кхузаманан школаш, говза хьехархой, спортан а, кхоллараллин а, Ӏилманан а туьшаш. Иза Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Баудин хьуьнар бахьана долуш а ду», – аьлла Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаам бира ша Кадырова Медница цхьаьна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу дешаран туьшахь дӀайаьхьначу линейкехь а хилла хиларан хьокъехь.
«Ламасте дирзина ма-хиллара, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш аларца дӀайолайелира мероприяти. Дешархоша Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хӀолламна хьалха зезагаш дехкира», – йаздина Кадыров Рамзана.
Бераша байташ йуьйцуш, эшарш лоькхуш дӀадаьхьира цхьаьнакхетар. Къаьсттина дика кечамаш бинера Ахьмад-Хьаьжин берийн бераша – ӀабдуллахӀа а, Шейх-Ахьмада а. Цаьршимма Ахьмад-Хьаьжина лерина байт йийцира.
Даздарийн чаккхенехь хьалхара горгали бийкира. И мехала гӀуллакх Кадыров Рамзанан йоьӀан кӀантах Мацуев Юсуфах тешийнера.
