Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀалахь цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Иран Исламан Республикин Россехь волчу йуьззина бакъонаш йолчу векалца Казем Джалалица


Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀалахь цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Иран Исламан Республикин Россехь волчу йуьззина бакъонаш йолчу векалца Казем Джалалица. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Охашимма чӀогӀа мехала а, пайде а цхьаьнакхетар дӀадаьхьира. Казем Джалали хьалха а хилла вара вай долчохь хьошалгӀахь. Иза хазахетарца веара йуха а. Цо баркалла элира ша кхайкхарна а, дика тӀелацарна а», – аьлла Кадыров Рамзана.

Хьешо элира Европа бусалбанийн сий тӀе кхийда гӀерташ йу, аьлла. Европин мехкашкахь Ӏедална а хууш, цара гӀо а деш Дезачу Къуръанна а, Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а дуьхьал акцеш дӀахьо. Исламе ларам барна тӀехь Россигара масал эца дезара цара, аьлла тӀетуьйхира цо. Векала билгал ма-даккхара, Россин Федерацин Президента Путин Владимира Соьлжа-ГӀала ша веана волуш Къуръанан ларам бар чӀогӀа хазахетарца тӀелецира дуьненан бусалбанаша.

Иштта, Казем Джалалис билгалдаьккхира Ислам лардарехь а, динан мехаллаш Ӏалашйарехь а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьегна къа а.