Чикагохь дӀайаьхьначу UFC 319 турниран коьртачу латарехь Дрикус Дю Плесси иэша а веш, UFC-н чемпион ваьлла Чимаев Хьамзат


Чикагохь дӀайаьхьначу UFC 319 турниран коьртачу латарехь Дрикус Дю Плесси иэша а веш, UFC-н чемпион ваьлла Чимаев Хьамзат. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствехь.

«Иза Хьамзатан толам хилла ца Ӏа, Нохчийн Республикин исторехь а боккха хилам бу иза. Нохчочо даьккхина UFC-н чемпионан хьалхара доьхка ду иза», – билгалдаьккхина ведомствехь.

Нохчийн спортсменан рогӀера 15-гӀа толам бу иза, ткъа иза ша иэшийна а вац.