Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина Журналистийн дуьненайукъара «Дашо пелаг» преми къовсаран белхаш схьаоьцуш бу Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
ХIокху декъашкахь схьаоьцу къовсаман белхаш:
• Телевидени: документальни фильм, тематикин программа, хаамийн сюжет;
• Радио: Ӏуьйренан шоу, хаамийн выпуск, тематикин программа;
• Зорба а, интернет-агентствош а: статья, очерк;
• Сурт: суьртийн репортаж;
• Блогосфера: блог.
Россин кхузаманахьлерчу исторехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политикин маьӀнах тоьлла материалана догӀу леррина Гран-При совгӀат билгалдоккхур ду лакхахь билгалдаьхначу дакъошкахь толамаш баьхначарна йукъахь.
Бекарг беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьаьттан беттан 31-гӀа де кхаччалц схьаоьцуш бу белхаш.
Дакъалацаран лехамаш: 8(964) 068-06-95, 8(928) 739-85-92 йа minnacinform-chr.ru.
Заявкаш схьаоьцу: zolotoepero2024@mail.ru