Веданан кӀоштан администрацис а, «Ладья» туризман компанис а туризман декъехь цхьаьнагӀуллакхашдан барт бина


Минеральные воды гӀалахь дӀайолайеллачу Кавказан инвестицийн форумехь Веданан кӀоштан администрацис а, «Ладья» туризман компанис а туризман декъехь цхьаьнагӀуллакхашдан барт бина.

Барта кӀел куьйгаш йаздина Веданан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Турпал-Ӏелас а, «Ладья» туризман компанин генеральни директора Тимошенко Владислава а.

Кавказан инвестицийн форум хӀутосург беттан 25-27-чуй деношкахь дӀахьур йу. Дакъалацархошна кечйина йоккха культурин-самукъадаккхаран программа а йу. Цуьнан гурашкахь экскурсеш, гайтамаш, кхидерг а ду билгалдаьккхина.