ТIеман лерринчу операцин ветеранна машен йелла


“Даймохк ларбархой” Пачхьалкхан фондан регионан отделенехь даздаран хьолехь керлачу машенан догIанаш дIаделира тIеман лерринчу операцин ветеранна Мутаев Тамерланна. Запорожьехь тIемаш бечу хенахь ши ког баьккхина цуьнан.

ТIеман ветеранна транспорт дIайелира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Абдулвагапов Жабраила, “Даймохк ларбархой” Пачхьалкхан фондан регионан отделенин куьйгалхочун заместитела Исламов Iаьрбис, нуьцкъалчу структурийн векалша. Йеза чевнаш хиллачу ветеранийн адресни гIолацаран программин гурашкахь регионехь йелла йалхолгIа машен йу иза.

“Тхо кхеташ ду вайн бIаьхошна реабилитацин гIирсаш мел мехала бу бохучух, ткъа машен иза бахам бац, ткъа дIасадахарна а, шен гIуллакх ша дарна а дахарехь оьшуш болу гIирс бу,” – билгалдаьккхира Исламов Iаьрбис.

Машен йелла тIеман лерринчу операцин дакъалацархойн гIолацаран “Даймохк ларбархой” Пачхьалкхан фондан Председателан Цивилева Аннин а, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а хиллачу бартан буха тIехь. Машен леррина куьйгаца урхалла далуш хийцамаш бина, когаш боцучарна лерина йина йу. Когаш ца хилча а лелалуш йу машен, зеразакъаш (рычагаш), куьйгашца лелоран система хилар бахьанехь. Цо иза бIегIийла а могашаллин таронаш ледара йолчу водительшна, иштта кхерамза а йо.

“Суна иза беккъа транспортан гIирс хилла Iаш бац, ткъа дахаре, возуш цахиларе йухаверзар ду. Ша цхьаъ дIасаваха, ураме вала, туькана йа цIеначу хIуоне вала аьтто хилар ду. Иза йоккха маршо а, паргIато а йу, ас сатийсина а йоцу. Машен чIогIа йогIуш йу сан хьашташца, хьесапе оьцуш йу хIора башхалла. Баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондана а цара сайн гIолацарна, гуманитарни гIо дарна,” – элира Мутаев Тамерлана.

Билгалдаккха лаьа, заьIапалла долчу тIеман гIуллакхийн дакъалацархойн машенна заявка йазйан йиш хилар, цу йукъахь гIудалкхахь лелаш болчеран а, когаш лелар галдаьллачеран а. Дехар чу ло “Даймохк ларбархой” пачхьалкхан фондан Россин субъекташкахь йолчу отделенешка.