Теркан кӀоштан Ӏели-Юьртахь Кадыров Адаман цӀарах йолу спортан кхузаманан керла «Дустум» комплекс схьайиллина


Иза йина нохчийн вевзаш волчу латархочо, UFC-н чемпиона Чимаев Хьамзата.

Иза схьайелларна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш шайна йукъахь Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан кхерамзаллин советан секретарь Кадыров Адам а волуш, беза хьеший бара. Кадыров Адама шен къамелехь даггара баркалла элира Чимаев Хьамзатана спорт кхиорна йукъа доккха дакъа дилларна.

Цигахь кӀоштан социальни-экономика кхиорна йукъа йоккха хазна йилларна Кадыров Адамна «Теркан кӀоштан сийлахь гражданин» цӀе йелла. Оцу хиламан коьрта дакъа дӀадаьллачул тӀаьхьа Кадыров Адам а, Чимаев Хьамзат а спортан комплексе хьаьжира.

Спортан «Дустум» комплекс кхузаманан лехамашца йогӀуш йина а, 240 стаг цхьаьна тӀелаца аьтто болуш а йу. Бахархойн аьтто хир бу тайп-тайпанчу латарийн секцешка лела.