Соьлжа-ГӀалахь даздаран хьолехь схьайиллина спортан башха комплекс. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь.
Цо билгал ма-даккхара, цигахь вистхиллачу Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Кадыров Ахьмада хаам бира, къаьсттина фехтованина тӀе тидам а бохуьйтуш, керлачу спорткомплексехь тоьлла хьелаш кхоьллина хиларан хьокъехь. И объект Соьлжа-ГӀалин а, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цӀарахчу кӀоштан а шо билгалдаккхаран гурашкахь схьайиллина йу.
«Комплекс схьайеллар гӀалин а, республикин а дахарехь боккха хилам бу. Спортан керла комплекс схьайелларца ас декъалбира мероприятин дакъалацархой. Билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочуш а деш, спортан керла майданаш а, объекташ а сих-сиха схьайоьллуш хилар. Цо гуттар а олура нохчийн кегийрхой ойла йеш а, дешна а, сица онда а хила безаш бу олий. Тахана вай цуьнан гӀуллакх дӀакхоьхьуш ду», — аьлла Кадыров Рамзана.
Иштта, Нохчийчоьнан Мехк-Дас шена и комплекс нохчийн цӀейахханчу боксеран, чемпионан Бетербиев Артуран цӀарах хила лаар хаийтира.
И комплекс «Физически культура а, спорт а кхиор» федеральни программин гурашкахь йина йу. Фехтовани а, бокс а Ӏамор йу оцу туьшахь, иштта, дӀахьур ду спортан лаккхарчу тӀегӀанан кхийсадаларш а.