Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 74 шо кхачарна лерина Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь керла маьждиг а, ши хьуьжар а схьайиллина. Цу хьокъехь хаам бина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.
Керла объекташ Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан чоьтах йина йу. Висаитовн кӀоштарчу Айдамиров Абузаран цӀарахчу эвлахь динан дийнна комплекс схьайиллина. Цигахь маьждиг а, хьуьжар а йу.
Оцу мехалчу хиламехь дакъалаьцначу Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчас, Нохчийчоьнан муфтис, Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин туьшан председатела Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана терго а, гӀо а дар бахьана долуш вайн махкахь деш керла маьждигаш а, хьуьжарш а, хьафизийн школаш а йу.
Керла маьждиг 2500 стагана лерина ду. Кхо гӀатт йолчу гӀишло чохь кхоьллина дерриге а хьелаш а ду. Оццу кертахь схьайиллина йолу хьуьжар 240 дешархочунна лерина йу. Цигахь дин Ӏамон аьтто бу божарийн а, зударийн а.
Висаитовн кӀоштахь цхьа шатайпа хьуьжар а схьайиллина. Иза лерина йу лерса ледара долчарна. Цигахь 180 дешархочун Ӏилма Ӏамон аьтто хир бу.
Фото тематическое
