Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь «В тридевятом царстве…» оьрсийн халкъан туьйранийн а, Кавказан халкъийн туьйранийн а фестиваль дӀайахьар дийцаре дина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима а, Дагестанан йукъараллин палатин къаьмнийн а, конфессийн а йукъаметтигийн а, миграцин гӀуллакхашкахула а, арахьарчу зӀенийн а комиссин председатела Луговой Руслана а.
Фестиваль Йерригроссин «Росси – Халкъийн цӀа» форуман гурашкахь дӀахьур йу. Ткъа и форум вовшахтоьхна а, дӀахьош а йу Россин къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу агентствон гӀоьнца Россин халкъийн цӀийно а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а.
Цхьаьнакхетарехь фестиваль дӀайахьа барт бина ца Ӏаш, Россин халкъийн культурин тӀаьхьалонаш Ӏалашйарехь регионашна йукъахь цхьаьнагӀуллакхаш дар а дийцаре дира.