2024-чу шарахь Россин гӀаланашкахь хӀусамаш дукха йаран талламан рейтинган топ-3 йукъайахана Соьлжа-ГӀала. И таллам дӀабаьхьна РИА Новости агентствос. Цу хьокъехь хаам бина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.
ДӀадаханчу шарахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь 790 эзар йиъкӀов метр чохьӀен хӀусамаш йина.
«Тхо даккхийде, Соьлжа-ГӀала йерригроссин рогӀерчу рейтингехь тоьллачарна йукъахь хиларх. Иштта болу кхиамаш, Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана терго а, гӀо а деш, йаккхий проекташ кхочушйарца бохуш бу», – аьлла Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада.
Пачхьенан мэра билгал ма-даккхара, Соьлжа-ГӀала гӀишлошйаран декъехь тоьллачарна йукъахь хуьлу дукха хан йу.