Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь. Керла схьайиллинчу аптекийн зӀенан болх теллира Кадыров Рамзана.
«Со реза хилира сайна гиначунна. Фармацевтикин заведени законан лехамашца йогӀуш а, оьшуш долу медтовараш а, препараташ а йолуш а йу. Иштта, нахана дикачу дарбанан сурсаташца кхачойан аьтто болуш а йу иза», — аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цо иштта, билгалдаьккхира Соьлжа-ГӀалахь оцу зӀе йукъайогӀу кхин а 15 аптека схьайоьллург хилар.