Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а, энергетикин а министра Зайпуллаев Муслима Йерригроссин «Молодой специалист – строитель будущего» кегийрхойн 30-чу форумна леринчу пресс-конференцехь.
Журналистийн хаттаршна жоп луш, министра дийцира гӀишлошйаран декъехь Нохчийчохь кхочушйеш йолчу коьртачу проектех лаьцна. Цо билгалдаьккхира Соьлжа-ГӀалин Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт йарна леррина терго йеш хилар.
«Республикин гӀишлошйаран объекташ йийца дуккха а хан йезар йу. Уьш кхочушйарца регионан куц хийцалуш ду. Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца йеш йолчу Соьлжа-ГӀалин керлачу кӀоштана лаккхара терго йеш йу. КӀошт йина йаьллачул тӀаьхьа цигахь 20 эзар гергга белхан меттиг хир йу», — аьлла Зайпуллаев Муслима.