Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Даудов Мохьмад цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Президентан чоьхьарчу политикин Урхаллин хьаькамца Ярин Андейца. Оцу цхьаьнакхетарехь цара дийцаре дира Нохчийн Республика социально-экономикин а, йукъараллин-политикин а кхиоран мехала гIуллакхаш.
«Коьрта долчу декъана къамел хилира Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран тIедахкарш кхочушдаран а, къоман проекташ кхочушйарехь регионо дакъалацаран а, Нохчийн Республика кхиорна тIехьовсийна йолу стратегин программаш кхочушйаран а хьокъехь. Вениаминан Андрей лаккхара корматалла йолуш, лаккхарчу жамIашка кхочуш волу куьйгалхо ву. Чоьхьарчу политикин коьртачу некъех жоп луш йолчу цо куьйгалла дечу урхалло кхиамца, корматаллин тIегIанехь кхочушдо хьалха хIиттийна дерриге а декхарш», – йаздина М.Даудовс шен телеграм-каналехь.
Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, цхьаьнакхетарехь дийцаре дан йукъадехкинчу гIуллакхийн хьокъехь къамел дечу хенахь Ярин Андрейс лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан куьйгаллица Нохчийчоьнан куьйгалхоша беш болчу белхан. Иштта, цо билгалдаьккхира регион дуккха а гайтамашкахула шегахь хьалхара меттигаш латтош хилар.
«Ас баркалла боху Вениаминан Андрейс беркате болх барна а, Нохчийн Республикина хьалха лаьтташ долу коьрта декхарш кхочушдарехь хаддаза гIо-накъосталла дарна а», – йаздина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела.