Нохчийн Республикин пачхьенехь кхочушйеш йу 114 проект, церан йукъара мах 124 миллиард сом сов бу


ГIалин администрацехь аьлла ма-хиллара, хIара шо доладелчахьана дуьйна Нохчийчоьнан пачхьенехь кхочушйина 90 инвестицийн проект. Церан йукъара мах 45,46 миллиард сом сов бу.

Иштта, ведомствехь билгалдоккху тIаьхьарчу кхаа шарахь гIалина йукъайалийначу инвестицийн барам шозза сов алсамбаьлла хилар. ГIалин администрацин векалша дийцарехь, оцу бакъдолчо тоьшалла до гIалин таронашка долу хьашт алсамдолуш хиларна.

Цул сов, республикин пачхьенан мэрехь тидам тIебахийтира лакхахь хьахийначу проекташа 9370 белхан керла меттиг кхолларна кхачойийриг хиларна.

«Уггаре а маьIнечу объекташна йукъахь йу «Ахмат-Тауэр», «НК Росснефть» ПАО-н буха тIехь битум даран проиводство, мармаран цех йар, ткъа иштта «Трубный поток» компанин биргIанех гIуллакхдаран йоккха проект кхочушйар. Оцу массанхьа а дIахьош белхаш бу. И мехала проекташ кхочушйаро, шеко йоццуш, дика тIеIаткъам бийр бу гIалин а, иштта йерриге а регионан а инфраструктура кхиорна», – тIетуьйхира мэрин векалша.

Ткъа Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада шен рогIехь билгалдаьккхира экономика сихха кхиаран а, белхан меттигаш алсамйовлуш хиларан а, гIалин инфраструктура кхиаран а коьрта бахьана Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президантан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъаца дIадоьлхуш хилар а, Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана массо агIор гIо-накъосталла деш хилар агӀор ду аьлла.

Говзанчаша а чIагIдеш ма-хиллара, кхиарехьа гIулчаш йаха йаккхий таронаш йолуш йу Соьлжа-ГIала. Оцу таронех буьззина а, эвсаре а пайдаоьцуш схьадогIу вайн пачхьалкхан куьйгалла.