Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь Сийлахь Рамадан бутт болабаларца декъалбина берриге а бусулба нах.


«Ассаламу Ӏалайкум! ТӀекхечи дуьненан хӀора а бусалба стага сатийсина болу Сийлахь Рамадан бутт! Сийлахьволчу АллахӀана Ӏибадат дан уггаре а йеза хан йу хӀара. ХӀокху хенахь къаьсттина комаьрша а, къинхетаме а, собаре а хила дезаш ду вай.

Рамадан бутт АллахӀан къинхетамах йуьзна, къинойх цӀанвеш йолу хан йу. ХӀокху баттахь дерриге дуьненан а бусалбанаш дика гӀуллакхаш дан гӀерта, собаре хуьлу, кхин а дика хила хьовсу.

Мархийн баттахь даийтина ду Сийлахь Къуръан. Мухьаммад Пайхамара ﷺ аьлла: «Рамадан бутт беана вайна — сийлахь бутт. Оцу баттахь марханаш кхабар тӀедиллина шуна АллахӀа. ХӀокху баттахь йалсамане неӀарш схьайеллало, жоьжахатан неӀарш дӀакъовлало, шайтӀанаш зӀенашца дӀадоьхку» (Ахьмад Ан-Насаи).

Ас даггара декъалдо нохчийн халкъ а, республикин а, Россин а бусалбанаш а, Мухьаммад Пайхамаран ﷺ уммат а сийлахь Рамадан бутт болабаларца», — йаздина Кадыров Рамзана.