Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина тахана Ӏуьйранна Соьлжа-ГӀала кхаа беспилотника тӀелатар дина хиларан хьокъехь.


Ðîññèÿ. Ãðîçíûé. 11 äåêàáðÿ 2017. Ãëàâà ×å÷íè Ðàìçàí Êàäûðîâ íà ïëåíàðíîì çàñåäàíèè "Èñòîðè÷åñêîå çíà÷åíèå Ñúåçäà íàðîäîâ ×å÷åíñêîé Ðåñïóáëèêè è ðîëü À.À. Êàäûðîâà â âîçðîæäåíèè íàðîäîâ ×å÷åíñêîé Ðåñïóáëèêè è ñîõðàíåíèè öåëîñòíîñòè" â ðàìêàõ Ñúåçäà íàðîäîâ ×å÷åíñêîé Ðåñïóáëèêè. Åëåíà Àôîíèíà/ÒÀÑÑ

Царах шиъ ПВО-н ницкъашца хӀаллакйина, ткъа кхоалгӀаниг Росгвардин «АХМАТ-Грозный» ОМОН-н керта йоьжна. Велларг а, лазийнарг а вац. Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, муьлхха а тӀелатарна мелла а чӀогӀа а, къиза а жоп лург хилар.

«Цундела, ас тахана вайн бӀаьхоша-талламхоша гулбина хаамаш дӀабелла. 12 сахьт даьлча Харькове дуккха а укрофашисташ гулбеллаче Россин ВКС-а 2 «Искандер» тоьхна. Цигахь 200 гергга укрофашист хӀаллаквина» — аьлла Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаийтира нагахь санна йуха а Нохчийн Республикина тӀелатар дахь, жоп шен метте а, къиза а хирг хилар.