Хьанал къахьегарна а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан органийн болх бовзийтарна а, йукъараллин-политикин хиламаш шуьйра гайтарна а, Нохчийн меттан денца доьзна а дина ду и совгӀаташ.
Деза совгӀаташ дӀаделира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада. Цо билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана мотт кхион а, иза баржон а кхоьллина тоьлла хьелаш хилар.
Билгалдаккха догӀу, «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместительна Абдулмуслимов Русланна «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгалонца а, «Даймохк» газетан корреспондентана Сагаева Залинина Нохчийн Республикин Мехк-Ден Баркаллин кехатца а совгӀаташ дина хилар.