Нохчийн Республикин коьрта шахьар – Соьлжа-ГӀала тоьлла лерина дуьненайукъарчу «Кавказан туризман билгалонаш» къовсамехь. Цу хьокъехь хаам бина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.
Туризман объекташна а, гӀаланашна а кхаьжнаш тасар дӀадаьхьна кхолламан беттан 17-чу дийнахь дуьйна оханан беттан 30-гӀа де тӀе кхаччалц www.caucasus.world интернет-портала тӀехь. Цигахь дакъалаца аьтто бара Къилбаседа а, Къилбан а Кавказан бахархойн а, Россин кхечу регионашкарчу а, дозанал арахьарчу а туристийн а.
Къовсаман жамӀашца «Кавказан туризман пачхье» декъехь хьалхарчу меттигехь йу Соьлжа-ГӀала.
«Вайн гӀала боккхачу къовсамехь йуха а тоьлла лерина. Ткъа хӀинца, Соьлжа-ГӀала туризман дакъа дика хиларца билгалйаьлла. Иштта болчу толамаша гойту Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана регион а, пачхье а кхиорна тӀехьажийна дӀахьош йолу политика лаккхарчу тӀегӀанехь лелош хилар. Шеко а йоцуш, иза тӀаьххьара толам бац», – аьлла Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада.