Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман «Даймохк» газетан редакцис Зорбанан цӀийнехь «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ» горга стол дӀайаьхьна.


Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 74 шо кхачарна лерина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман «Даймохк» газетан редакцис Зорбанан цӀийнехь «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ» горга стол дӀайаьхьна.

Цигахь дакъалаьцна республикехь бевзаш болчу журналисташа а, йаздархоша а.

Цхьаьнакхетар дӀадолош «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара билгалдаьккхира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа нохчийн къам йухадендаларан некъан бух биллинарг хилар.

«Уггаре а хьалха Делан беркат а, таккха Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а бахьана долуш нохчийн къам ирсечу дахаре кхаьчна. Йохийна гӀаланаш, йарташ бен гуш хӀума а доцуш, хала мур бар вайна тӀехӀоьттинарг, ткъа тахана, цхьа а кхерам а боцуш кхуьучу махкахь деха вай. Ахьмад-Хьаьжин некъ бу вай хӀокху дийне далийнарг», — элира Шамсудинов Бувайсара.

Цул тӀаьхьа гулбеллачара дийцира Ахьмад-Хьаьжин новкъахь Россин Турпалхочо, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана деш долчу дикачу гӀуллакхех а, иштта Нохчийчохь хилла ца Ӏаш, хӀара дуьне мел ду Ахьмад-Хаьжин фондо мискачарна деш долчу накъосталлах а лаьцна.